йерзинчу стигла кӏел витинчу сох доглазар го-кх хьуна. Уьстагӏо аьлла боху: «Іаьхча – барзо боь, ца ӏаьхча – ӏуьно боь». Ца дуьйцуш Іен йиш а йац, дийцича, хӏара хуьлу.
Цкъа вист ца хила ойла хилира Абросимовн, йуха а ӏен ца велира.
– Шен халкъана дуьхьалваьллачу стагана кхочу дакъа ду хьоьга кхаьчнарг а, – элира цо шого. – Кхузахь цецвала хӏумма а дац, господин поручик. Марша ӏойла хьо!
Чомакх цецваьллачохь а витина, шен говрана тӏе а хиъна, меллашчу боларехь жимма лаха а ваьлла, лекхочу гу тӏехь сецира Абросимов. Кхузара дӏа шера гора хил дехьара позицеш. Коьжалкан-Дукъан къилбаседехьара когаш дӏалаьцнера Гӏебартойн полкан йеа батальоно, дошлойн йеа сотняс. Тӏаккха, Яьссех дехьа а ваьлла, говр йоргӏа а йаьккхина, командни пункте вахара иза.
Коьжалкан-Дукъана дуьхьал лекхачу гу тӏехь шина йоккхачу тоьпана уллохь турмалца хьалхара дукъ толлуш лаьттара полковник. Цуьнан отряд кийча йара штурмана, амма дукъана къилбаседехьара схьа тӏелата йезачу отрядера хӏинца а хаам бацара.
– Хӏун хилла-те царна? – синтем байна хьийзара Батьянов. – Сигнал хӏунда йац?
Эххар а, дехьара батарея тӏамна кийча хиларан хаам беш, ӏисин-Юьртана тӏехула хьалайахара ракета.
– Хӏан, Делан гӏоьнца! – элира Батьяновс, тӏаккха нийсса ирх лаьцна куьг, тур тухуш санна, охьаластийра.
Цхьатерра тоьхначу шина йоккхачу тоьпо лергаш къардира Абросимовн. Хӏаваэхь цӏийзаш боьду ши хӏоъ, дукъа тӏе ца кхочуш, лахо баса кхийтира, шина диттан баххьаш а хедош.
– Йаккхий тоьпаш йуза! – поручике команда дира полковнико. – Жимма лакха лаца. ТІетоха!
Шолгӏа бахана ши хӏоъ ӏалашонна тӏекхийтира. Амма цигара схьа дуьхьал кхуссуш топ йоцуш, тийна дара. Иттех хӏоъ тоьхначул тӏаьхьа, штурм йолайе аьлла, сигнал йелира полковнико. Массанхьа а йоьзан зурманаш а, вотанаш а йийкира. Лаха чохь лаьттачу ГІебартойн полкан шина батальонах цхьаъ а, гӏашбевллачу гӏалгӏазкхийн а, салатавхойн а дошлой а, тоьпаш хьалха а лаьцна, чехкачу боларахь хьуьн чохь къайлабевлира.
– Хьалакхачале, гӏоранах бевр бу-кх уьш, – элира уллохь лаьттачу подполковнико Козловскийс.
Амма салтий басенна йуккъе а бовлале, цӏеххьана цхьатерра йевллачу тоьпаша