декийра дукъ.
– И хӏун ду? – цецвелира Батьянов. – Вайн тоьпаш-м ма йац уьш?
– Схьахетарехь, мятежникаш лаха чубаьхкина.
– Мича хьоьжуш хилла разведка?! – агӏор туйнаш кхоьссира полковника.
Капитанан Рихтеран рота штурм йолийначу дакъошна хьалха йара. Хьалхарчу дийнахь салташа баьккхинчу готтачу новкъа ца тарло салтий, йехха зӏе йеш, хьуьна чохь баржийра Рихтера. Лекха, зоьрталчу пепнийн хьуьнахула, байн ког боккхуш, тапча а буйнахь хьалхаоьхура иза. ДІогахь а, эццехь а салтийн когаш кӏел кеглучу декъачу гаьннийн татанаш лелхара, олхазарш дІауьдура салтий гергагӏоьртича. Рота ломана йуккъе йалале, мера кӏел цӏеххьана йевллачу тоьпаша ӏадийра капитан. Цунна шина а агӏор охьавуьйжира масех салти. Хьалха дӏахьаьжча, гуш вацара мостагӏ. Иза сийначу гӏашлахь къайлаваьллера.
– Боларехь хьалхатаӏа! – мохь туьйхира Рихтера.
Тоьпийн кӏур гуччу йуккъе лаьцна, тапча туьйхира цо. Амма цигара схьа низамехь шозза тоьпаш йевлира. Капитанан хьесапца цигахь чӏагӏвелла лаххара а ах бӏе стаг вара.
– Тӏетоха! – мохь туьйхира цо йуха а.
Гуш воцчу мостагӏчунна тоьпаш а йетташ, диттана тӏера дитта тӏе уьдуш, хьалхатеӏара салтий. Когаш кӏел жагӏа текхий, охьабетталора, кондарш а лоьцуш, хьалагӏуьттура. Масех минотехь иттех воьжнера. Амма капитанан ойла йацара йухавала. Цкъа-делахь, цо ша йехна йаьккхинера хӏара хьалхе, шолгӏа-делахь, хӏор а минотехь дарлора мостагӏчуьнга болу цабезам. ХІокхарна мостагӏ цагар, ткъа кӏелонехь болчарна хӏорш массо а гуш хилар дара галдаьлларг. Кхиамах догдиллина, Рихтер йухахьаьжира, тӏаьхьайогӏу капитанан Чекуновн рота тӏекхача ца йоллу-те аьлла. Амма йуькъачу хьуьн чохь пхи-йалх метр генара хӏума ца гора.
Эххар а аьрру флангехь, «уьрей» аьлла, акха маьхьарий девлира. Гӏашбевлла нохчийн а, гӏумкийн а, гӏалгӏайн а дошлой бара уьш. Дог гӏеттина Рихтер, шен салтий тӏаьхьа а боьхуш, басах хьалатасавелира. Хӏинца дӏатийнера лакха тӏера охьайетта тоьпаш а. Кондарш, гаьннаш лоьцуш, хӏара токхамна тӏеваьлча, цхьа а вацара кхузахь. Схьахетарехь, мятежникаш шайн коьртачу чӏагӏонна тӏе йухабевллера.
Дукъан хьалхара позици дӏалаьцча, цигахь цкъачунна