хьуна муьтӏахь бу. Хьуна тӏаьхьа цӏерга лелха а кийча бу. Буьйса йоккхий аш? Тховса дӏадохуьйтур дац. Шортта даа а ду, охьадийша меттиг а бу. Хӏей, Беччуркъа! Нах схьакхайкхал. Хьеший дӏатарбан беза. Муьстарг, иттех уьстагӏна урс хьакхал. Же, ма ӏелаш!
Айсолте цкъа а безам бацара ӏаьлбаган. Нохчмахкахь цхьа а стаг вацара аренца бехачу хьоладайшца вагарван. Цигахь кху тӏаьххьарчу ткъех шарахь паччахьан ӏедалан гӏоьнчий кхиънера, шайн долахь мехкаш, туьканаш, даьхний долуш, ӏедало даккхий алапаш, йерриг оьмарна пенсеш хӏиттийна, кӏезиг делахь а, хьаькамаллаш а долуш.
Айсолтин карахь хьаькамалла а дацара, йа ӏедало башха тергалвеш а вацара иза. Амма шен долахь масех бӏе уьстагӏ, бежанаш, говраш а йолу иза хӏокху Нохчмехкан хьелашкахь хьолахо лорура. Хьоле йолу сутаралла а эшайора хьаькамалле болчу цуьнан сатийсамо. Иза шен кара тахана ца кхаьчча, кхана кхочур бохуш, денош детташ, къанлора Айсолта. Ткъа хӏинца кхузахь хӏоьттинчу хьоло таро йохийнера цуьнан. Ӏаьлбагах а кхоьрура: гӏовттамхойн хьашташна имамо дӏадохура мелла а нехан къих гулдина даьхний. Цкъа ойла хилира цуьнан, шен даьхний лам чу а дигна, Ведана охьахаа. Амма туркошца тӏамехь оьрсийн эскарш оьшуш ду, Шемалан Гӏеза-Махьма лаьмнашка вогӏу бохуш, кхуза даьржинчу эладитанаший, хӏара гӏаттам дено-дено марсабийларой ӏаьлбагна тӏететтира иза. Амма Іаьлбага дегаза тӏеийцира шен безам боцу и бено. Солтмурд йукъара ца хиллехь, шена аьттехьа а вуьтур вацара цо иза. Тӏе, Айсолтас буй баьсттина уьстагӏий а делира гӏовттамхошна даа. Оцу шина бахьано гӏеххьачул само малйира Іаьлбаган.
ХІорш паргӏатбовла а кхиале, говр хьацаран кӏур йина кхуза кхечира Овхьад. Цунах бӏаьрг ма-кхийтти хиира ӏаьлбагна иза лаа воцийла а, тховса а шена доьзал ган ца доьгІнийла а.
Ӏаьлбаг йуьстах а ваьккхина, Овхьада доцца дийцира ӏуммица шен цхьаьнакхетаран жамӏаш.
– Йухавогӏуш, керла хаамаш а гулбина ас. Областан начальникан гӏоьнча инарла Смекалов ву, боху, Ведана вогӏуш. Схьахетарехь, чӏогӏа бина буй а тоьхна, вайца дерг чекхдаккха ойла йу ӏедалан. Гӏамар-Дукъахь лаьттачу Сулиманна го беш бу. Ӏуьйранна элан Накашидзен отряд йара цига