йаха кечлуш. Дишноша шаьш вайгахьа хир ду аьлла. Амма, хьо сихха цига ца кхачахь, Сулиманан гӏуллакх вон хир ду. ТІе, дишной йухабовла а тарло.
Іаьлбага корта хьовзийра.
– И гуьржийн эла шен эскарца Дегӏастана дӏавахийта дагахь, Іаьндахь хьовр-зӀовр ма йолайайтира ас. ТІе, сайн бӏо а эцна, со цига воьду аьлла, эладита а даржийнера. Ткъа иза хӏинца а Веданахь ву…
Шен жима бІо сихха тӏе а гулбина, Бенах аравелира Іаьлбаг.
– Кхин хӏун ду керла?
– Туркошца тӏаме вахана тхан эвлара Солтха цӏа веана, цигахь пхьаьрс а битина, цуьнан метта мидал а йохьуш.
– Муха ду, боху, цигахь гӏуллакхаш? – хаьттира, хІетталц вист ца хуьлуш, ладоьгӏуш вогӏучу Коьрас.
– Хьалхачул тӏекхетта хийцамаш бац. Амма нохчийн полкера дукха нах, фронтера бевдда, цӏа баьхкина.
– Хӏунда?
– Кхузахь гӏаттам бу аьлла, хезна.
– Уьш мичахь бу?
– Басса тӏерачу йарташкахь гӏовттамхойх дӏакхетта царах дикка. Амма цигахь бисинарш дукхе-дукха майра лета, боху, туркойх. Дикка нахана чинаш, орденаш, мидалш а йеллачух тера ду.
– Дависа, оцу тӏамехь волу ворх бӏе нохчо тахана вайца велахьара! – элира ӏаьлбага сатийсаме.
Овхьад дикка ӏийра жоп ца луш.
– Хаац. Уьш ворхӏе бӏе тхан Гати-Юьртара ваханчу веаннах кхоъ санна белахь-м, вайна пайдехь хир бацара, тахана цӏахь хилча а, – элира цо эххар а. – Хӏара тӏом болабалале хьалха оцу полке воьдучу хӏор а стеган шен-шен ӏалашо йара. Къехойн ӏалашо йара эскарехь гӏуллакхдарна лучу йолах шайн доьзалш мацаллех кӏелхьарбаха. Ткъа хьолахойн кхин Іалашонаш йара. Масала, сан ден а, Товсолта-Хьаьжин а, Бораханан а хӏун ӏалашо йара, шайн кӏентий эскаре дӏахьовсош? Цкъа-делахь, кӏентий паччахьан эскаре ца бахийтича, ӏедало шаьш шайн хьолах а, хьаькамаллех а вохорна кхоьрура и шиъ. Шолгӏа-делахь, эскарехь гӏуллакх а дина, и шайн кӏентий могаш-маьрша цӏа бирзича, ӏедална гергахь шайн а, церан а сий а, хьаькамалла а лакхадаларе а, цаьрцанна шайн хьал-бахам стамбаларе дог а дохура. Доцца аьлча, ӏаьлбаг, хӏара ӏедал хьолахойн ӏедал ма ду. Инарла Орцас, Хьотас, Девлатмирзас, кхечу массо вайнехан эпсарша, совдегарша, хьолахоша а хӏара паччахьан ӏедал ца дохийта, цхьа стаг дийна ца вуьтуш, нохчийн халкъ дерриг