минотехь кийчча дов дара. Эххар а цӏий ӏанийра.
Адам пхьоьхана гулделча, Сулиманан цхьана гӏоьнчо ӏедална дуьхьал кхайкхира нах. Уггар хьалха – цІонтаройн йуьртдений, цуьнан бартахошний дуьхьал. Церан цӏарах кӏон дош а элира. Йуьхьанца – гӏовгӏанаш, тӏаьхьа дов доладелира. Говра тӏера охьа а ваьккхина, йиттира Сулиманан накъостна. Цуьнгара схьа а йаьккхина, говр йигира. Сулимана Іумхан-Юьрта уллора лаьхкинчу пачхьалкхан говрех йара иза. Ӏедална хьалха дикачу цӏарла хила дира иза цІонтароша. Оцу тӏехула доладеллачу девнехь ваша вийра Сулиманан. Йуьртдений, цуьнан кӏантаний, вешиний чевнаш-м йинера. Амма ваша Сулиманан вийнера. Дика ваша вара иза. Миска, гӏийла ваша вара. Ша дуьнен чу ваьлчхьана, цкъа а са малхадалаза. Кхораш санна, кегийра бераш дисина цуьнан. Иза лан хала ду. Вешин чӏир йекхаза вала ца лаьа Сулиманна. Кхин дуккха а гӏуллакхаш ду Сулиманан валале дан дезаш. ГІордалойн Чомакх вен а веза. Кхин а масех стаг ву эхарта хьажо билгалвина. Тӏаккха хала дац вала а.
Ойланаша базбина, охьаоьхура корта. БІаьрнегӏарш а дазделла. Сулиманна наб кхета хиъна Іаччохь.
Оццу хенахь Эртан-Коьртера схьа новкъа йаьлла йогӏура салтийн йиъ рота. Гӏамар-Дукъа гӏоьртича, ларлуш ког боккху цара. Шиъ йоккха топ тата доцуш хьалхаоьхура. Церан чкъургех ча а, даьсса галеш а хьерчийна. Тоьттуш, уьйзуш, хьала а йохий, гӏовттамхойн позицина дуьхьал лома тӏе хӏиттайо уьш. Кхузара дӏа, керайуккъехь санна, йаьржина, шера го гӏовттамхойн позици. Цуьрриг а хала дац, тӏе йаккхий тоьпаш а тоьхна, иза ата. Амма мятежникаш кӏелхьарбовла тарло. Цундела капитано Битнерскийс цкъа хьалха гӏашлой хьовсабо цига. Уьш мел ларлуш багӏахь а, сема ӏачу Къосамна го дукъа тӏе хьалагӏерта салтий. Уьш гуттар улло кхаьчча, хьалха вогӏучу эпсарна хьажайой, тапча туху Къосама. Цуьнан тата лаьмнашкахь дижа а кхиале, цхьатерра ткъех топ йолу.
Масех салти вужу, амма бисинарш, маьхьарий а детташ, чухьолху. Дехьа тӏехь йевллачу йаккхийчу тоьпаша бегабо лам. Лакха тӏехь гранаташ лелха. Кхузахь дуьхьало эрна йуйла хиъна, дукъа тӏе коьртачу чӏагӏоне йухаволу Къосам.
Баккъалла а латар ӏуьйранна доладелира.