ГІовттамхоша сихаллехь хІоттийна мела чІагӏо, ах-го беш йукъа а лаьцна, масех могӏа а бина, хьалхатеӏа салтийн йиъ рота. Йаккхийчу тоьпаша цкъа гранаташ, тӏаккха чаччамаш йеттара гӏовттамхошна тӏе. Де делкъенга долуш, эххар а чуччабахара шиний агӏорниш. Салтий – цхьамзанашца, гӏовттамхой – шаьлтанашца, наггахь бен ца хезара топ йолуш.
Йухабовла а ца лаьара гӏовттамхошна, йа йухабовла йиш а йацара. Лаха чохь Дишни-Ведана йара сийначу цӏарах йогуш. Оцу тогӏи чуьра массо некъ, боьра, боьлак сийсайора салташа.
Сулиман а, Къосам а хьалхарчу могІарехь летара. Гӏайбанех санна, гӏовттамхойн накхойх а, гайх а оьхура цхьамзанаш.
Амма йухабовла бакъо йацара. Йогучу йуьртара схьа зударийн а, берийн а маьхьарий хезара.
Шен аьтто баьлча, Сулимана бӏаьрг тухура Даьргӏара схьабогӏучу некъе, ӏаьлбаган сира дин гаре догдохуш. Эххар а иза гира цунна. Іода кхоьссича санна, йогӏу горга кӏайн овгол…
Де делкъенга даьлча, капитан Битнерскийга приказ деара, Дишни-Веданца дерг чекхдаьлла, Нохчмахка ваха кечло аьлла. Оцу кехатан цуьргана барт баккхал хазахийтира капитанна. Цо иза эшаман эхьах кӏелхьарвоккхура.
Буьйсанан йуккъехь Гӏамар-Дукъахь а, ӏуьйранна малх кхеташ
Дишни-Веданахь а болабелла тӏом сецира дийнахь ши сахьт долуш. Цхьана сохьтехь йурт а, йалташ а, докъарш а дагийна, эвла йистехь гулйелла, сецира Смекаловн отряд.
Нохчмахка новкъа бовлале садаӏийта дезара оцу дийнахь ондда болх биначу салташка. ТІе, Смекалов ца хӏуттура даккхий дараш хиллачу отрядца Нохчмахка ваха. Шелара кхайкхина Курински полкан батальон схьакхаьчча, новкъахь капитанан Битнерскийн колонна тӏе а оьцуш, суьйранна йалх сахьт долуш Эрсанна улло кхечира отряд.
Кхузахь эла Аваловс шен тешаме нах хьовсийра Эрсана а, Эгӏаштӏе а, цигарчу бахархошка, цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, муьтӏахьалла тӏе а эций, амалтана нах ло аьлла. Эгӏаштӏойн тхьамданаш баьхкира лагере амалтана итт стаг а валош. Амма эрсаноша сацамболлуш дуьхьало йира инарлин омра кхочушдан.
И буьйса бивакехь йаккха дийзира отрядан. Амма йоьхна буьйса йара иза. Маьркӏажехь доладелла догӏа, кӏудалара ӏенош санна, тӏедилхира сахиллалц. Четарш ца