…Шемалан деспотически имамат йоьжначул тӏаьхьа ӏазапан шина дукъа кӏел нисделира Дегӏастанара халкъаш. Кху тӏаьххьарчу берхӏитта шарахь кхузахь масех кегийра гӏовттамаш хилира феодальни а, колониальни а ӏазапна дуьхьал. Амма ханийн а, бекийн а тӏаьхьенаш а, динан дай а йукъа ца гӏертара халкъан гӏуллакхна. Цкъа-делахь, йуьхьанца цара сатуьйсура паччахьерчу дикане, шолгӏа-делахь, и кегийра гӏовттамаш цхьа а тІаьхьало йоцуш гора царна. Шайн сахьт гира царна, Россин а, Турцин а йукъаметтигаш галйийла йоьлча. Цкъа-делахь, къизачу ӏазапна кӏел доллучу халкъан собар кхачийнера, шолгӏа-делахь, туркоша дош деллера шина пачхьалкхана йукъахь тӏом болабелча хӏорш гӏовттахь, массо агӏор а хӏокхеран гӏо лаца. Цунна йукъара вара Стамбулехь вехаш волу туркойн эскаран инарла Шемалан Гӏеза-Махьма.
Ханийн а, бекийн а тӏаьхьенаша къайлах-къулах халкъ гӏаттамна тӏетоьттура, амма, шайн сахьт тӏехӏотталц, иза сецош, тӏаккха урх дӏахеца ойла йолуш ӏара. Оцу бартахошна йукъахь бара мацах гӏазгӏумкийн хан, тӏаьхьа паччахьан эскарийн инарла-майор хиллачу Агалар-ханан кӏант хӏинца оьрсийн эскаран майор Джафар-хан, бекийн тӏаьхьенех болу ротмистр ӏабдул-Межед, штабс-капитан Фатал-Бек, Кайтаг-Табасаранан тӏаьххьара хиллачу правителан, тӏаккха инарла-майоран Джаму-бекан кӏант Маьхьти-бек а, кюрински ханийн тӏаьхьенах волу Гӏеза-Ахьмадбек, Шемалан гӏараваьллачу наибан Кибит-Махьмин кӏант Муртаз-ӏела а, иштта дӏа кхин а.
Дӏадаханчу шарахь дуьйна нохчийн тхьамданашца церан барт бара, нагахь нохчий гӏовттахь, Дегӏаста гӏатто. Амма, и де тӏехӏоьттича, Дегӏастанарчу бартахоша шайн дош кхочуш ца дира. Хьалхарчу деношкахь нохчийн гӏаттамах схьакхийтира шайн коьртехь феодалийн а, динан дайн а тӏаьхьенаш йоцу, нохчашца йаккхий зӏенаш, гергарлонаш долу Нохчийчоьнан малхбален дозанца йолу Салатави а, Іаьнда а. Ткъа дегӏастанхойн гӏаттаман корта хилла дІахӏотта йеза Къилбен Дегӏаста пхеа баттахь ӏийра Стамбуле ладоьгІуш. Амма гӏаттаман тхьамданийн планаш йохийра августан ткъе иссалгӏачу дийнахь Гергебилехь ша-шаха болабеллачу масех дийнахь йерриг Гунибан округе баьржинчу гӏаттамо. Тӏаккха йерриг