Дегӏастанахь йукъара гӏаттам болабелира.
Гӏовттамхоша имам хаьржира СогӏратІлара бӏе шаре ваханчу къеначу шайхан ӏабдурахьма-Хьаьжин кӏант Мохьмад-Хьаьжа. Гунибан округера гӏаттам дӏасабаржа боьлча, иза хьошуш гӏоьнна йахийтира Теркан областера шиъ батальон а, гӏалгӏазкхийн сотня а. Шен коьртехь штабс-капитан Фатал-Бек а, ротмистр ӏабдул-Межед а волуш бархӏ эзар милцочух лаьтта къилбехьара кхуза хьажийна отряд гӏовттамхошкахьа йелира. Йуьхьанца гӏаттамехь дакъалоцуш бацара Гӏазгӏумкара феодалаш, мелхо а, иза ца хилийта дуьхьалбевлира уьш. Амма, халкъо шаьш йамартлонна бехкебича, цабевллачу денна гӏовттамхойх дӏакхийтира.
Гӏаттам болабелла ткъех де далале дегӏастанхойн феодалаша хаийтира шаьш мича ӏалашонна тӏегӏерта. Махьта-Бека – ша Кайтаг-Табасаранан уцмий, ГІеза-Ахьмада – ша Кюрински округан хан, ткъа Джафар-хана ша Гӏазгӏумкан хан кхайкхийра.
Йуьхьанца дуьйна нохчийн гӏаттамах дӏакхетта ӏаьнда паччахьан эскарша хӏеттахьехь, хьаьшна, дӏатейира. Цигара гӏовттамхой, шайн эшам хилча, Нохчмахка а баьхкина, ӏаьлбагах дӏакхийтира.
Дегӏастанахь йукъара гӏаттам болабелча, йуха а меттахъхьайна Іаьнда хаьддера цигарчу гӏаттаман центрах. Иза хадийнера Нохчмехкан а, Дегӏастанан а дозанерчу кевне хӏоттийначу Лохвицкийн отрядо. Нийсса аьлча, Іаьндойн а, салатавхойн а массо агӏор кӏезиг зӏенаш йара чоьхьарчу Дегӏастанца. Салатавхойн а, Іаьндойн а экономически а, культурни а йаккхий зӏенаш а, гергарлонаш а дара луларчу нохчашца, массарна а нохчийн мотт а хаьара царна. Шина халкъа йукъара и вежараллин зӏенаш кхечу агӏор туьдуш йаздора цу заманан цхьана историко: «Салатавхой шаьш суьйлийн къомах белахь а, амма нохчийн гергара лулахой хиларна, динан фанатизм а, тӏеман майралла а, акха гӏиллакхаш а нохчашкахьчул кӏезиг дац церан, цундела уьш кийчча бартахой бара нохчийн мятежан коьртачу куьйгалхойн».
Іаьлбаг тӏевоьссинчу Ордагал-Хьаьжин кетӏахь хехь лаьттара зоьрталчу дегӏара хӏусамден ши кӏант. Кертал арахьа а, кертахь гоьзанах а тийсина говраш а йара тӏе нуьйраш техкина. Шен говр царна улло дӏатесира Коьрас.
Цавевза стаг гучуваьлча, цкъа