дера «гӏигІ» а дина, дӏатийра йуьстах зӏенашца дӏадихкина жен жӏаьлеш.
Тхов кӏел очакх тӏехь, тӏера йуькъа Іаь а гӏуьттуш, боккха цӏестан йай кхехкара. Йай тӏе хӏуьтту чопа дечиган боккхачу чадица дӏатуьйсуш йоллура жимо зуда. Дехьо, голаш тӏе а лахйелла, текхахь галнаш йеш йара цул йоккхо кхин цхьаъ. Схьахетарехь, уьш хӏусамден несарий бара.
Учахь вовшашца лохха къамел деш лаьттара горга йаххьаш, цӏен беснеш йолу зоьрталчу дегӏара ши ӏаьндо. Салам делла, церан куьйгаш лаьцна, йоцца тӏекаре а йина, цӏа чу вахара Коьра. Поппаран маьнги тӏехь баьрчче хиъна Солтмурд а, Тозуркъа а, Янгӏулби а, суьйлийн Раджаб-ӏела а, Коьрина ца вевза цхьа дегӏастанхо а вара.
– Хӏара хьаша Гӏагӏатлара ву, Коьра, – вовзийтира иза ӏаьлбага. – Цигарчу Гӏарч-ӏелин Медана-Хьаьжа. Вайца гӏуллакх хилла веана хӏара. Цунна кхайкхира ас хьо. ТІаккха, Медана-Хьаьжа, дийцал айхьа долийнарг.
Медана-Хьаьжа тера а вацара ӏаьндойх. Йекъана-йеха йуьхь, лекха хьаж, хьаьвзина боккха мара, ира, ӏаьржа бӏаьргаш, чорда маж-мекх долуш шовзткъе итт шо хенара стаг вара иза.
– Лавашехь хилира дуьххьарлера боккха тӏом. Дуьххьалдӏа Фатал-бекан сонталла бахьанехь, тхан масех бӏе стаг вийра цигахь. Иза ша а вийна. Гӏазгӏумкахь мелла а толамаш бу. Цигара Кумух-гӏап, дӏа а лаьцна, йохийна тхайчара. Гӏевттинчу лаьзгеша Дербентна го бина, амма шиний агӏор тӏетаьӏначу паччахьан эскарша, бохийна, лам чу йухабаьхна уьш.
– Ткъа ӏаьндахь хӏун ду? – хаьттира Іаьлбага.
– Инхила уллохь оха толам баьккхина мостагІчун доккхачу эскарна тӏехь. Иза Хунзахе йухадаьлла. Амма гӏуллакх хӀетте а дика дац тхан. Къилбехьара тхуна тӏегӏоьртина кхузара дӏадахкийтина эскарш. Доцца аьлча, шина хина йуккъехь дисина тхо. Ницкъаш а баьржина бу. Уьш цхьаьна а тоьхна, тӏехь куьйгалла дан стаг вац.
– Шун гӏуллакхаш-м вон, дера, дац, Медана-Хьаьжа. Шозза толам а баьккхича, цхьа гӏап дӏа а лаьцча, Дербентна го бан ницкъ а кхаьчча, кхин хӏун хилийта воллура хьо? ХІокху йалх баттахь тхоьга цададелларг аш цхьана баттахь дина. Оха хӏинццалц цхьа а гӏап дӏа ца лаьцна, Соьлжа-Гӏалина герга а ца дахаделла.
– Иштта-м, дера, дара иза, ӏаьлбаг-Хьаьжа. Амма аш оцу йалх