И шиъ новкъа вала а, цу йоӏана тӏе кхача а сихвелла. Кхин а цхьана шеран некъ бисина цу шиннан бан. Нисса и шо чекхдолучу буса и паччахьан йоӏ дас-паччахьо кхечу паччахьан кӏанте маре луш а хилла. Иза а хаийтина эло Хьасане. Цу шинна, шен доттагӏчун ши кӏант хиларе терра, цхьацца дин а, дуккха а деши а, цхьана шарна дуург-мерг а, тӏейоха хӏума а йелла эло. Ша ара а ваьлла, и шиъ новкъа а ваьккхина, тӏаккха чувеана эла.
Шарахь некъ бича, и шиъ дӏакхаьчна паччахьан йоӏ йехачу гӏала. Буьйса йаккха цхьа йоккха стаг йолчу бахана хӏорш. Къен стаг хидла и ша, делахь а шен йуург хьалхайиллина, хьошалла дина цо шина вешина. Тӏаккха Хьасана шаьш арадаьккхина гӏуллакх дӏадийцина йоккхачу стаге. Цо царна хьехар дина, муха кхача веза паччахьан йоӏа тӏе. Цо боххург дина вежарша. Хьасан а, Ахьмад а гӏали чохь говза волчу дашо пхьерана тӏе вахана. Шаьшшиннан ши дин а белла, пондарца-вотанца стаг чухаъал чоь а йолуш, чкъургаш тӏехь бола а луш, дашо сай байтина цу шимма пхьере. Кхоалгӏачу дийнахь пхьеро сай бина дӏахӏоттийна. Диканиг пондар а, вота а эцна, пондарца, вотанца Хьасан сай чу хиъна. Ахьмада сайн йуьхь а лаьцна, дӏаволавелла и шиъ. Хьасана дуьненахь а хаза эшарш лоькхуш хилла. Массо а цецваьлла висина, дашо сай сов хаза эшарш а лоькхуш, цхьана кӏанта йуьхь а лаьцна, урамехула дӏабоьдуш гича. Цу сохьта дукха адам гулделла дашо сайга хьажа.
Ша сай чу хууш, Хьасана Ахьмадана хьехна, дан дезарг дерриге а.
Хьасана Ахьмаде аьлла: