Иза а эций, соьга ца хьоьжуш, хьо дӏагӏолахь. Со а тӏаьхьакхуьур ву шуна. Доцца аьлча, вайшиннан дашо сай дӏабуьгур ахьа.
Паччахьан йоӏ йехачу урамехула, сайн йуьхь а лаьцна, дӏаволавелла Ахьмад. Ткъа сай чохь ӏачу Хьасана хаз-хаза йиш лекхна. Массо а адам цецдаьлла цу балхах. Тӏаьхьахӏиттина дуккха а адамаш а долуш, шен «эшарш лоькху» дашо сай а эцна, дӏавоьду Ахьмад паччахьан йоьӏан гӏалин кетӏа кхаьчна. Паччахьан йоӏана хиъна, ӏаламат хаза эшарш лоькхуш кӏетӏахь, урам-новкъахь дашо сай хилар а, сайн йуьхь лаьцна кӏант хилар а. Коре а йеъна арахьаьжча, йоӏана гина дашо сай а, сайн йуьхь лаьцна лаьтташ Ахьмад а. Сай чохь волчу Хьасана лоькхуш йолу тӏех хаза йиш хезна йоӏана. Ойлайан йаьлла, эшаре ладоьгӏна- доьгӏна, шен йуьжучу маьнги тӏе а йахана, охьайоьжна и. Паччахьан кӏантана иза йига баьхкинарш а хилла уллорчу цӏа чохь сакъоьруш ӏаш. Неӏарехь ха деш волчу эпсаре йистхилла йоӏ:
— Кетӏахь эшарш лоькхуш дашо сай бу цхьана кӏантехь, эшарш лакхийта и сай балабе суна, — аьлла.
— Хӏокху сохьта, — аьлла, араиккхинчу эпсаро йоӏ йига баьхкинчу эпсаршка а, инарлашка а хаийтина иза, уьш арабаьхна йоӏана сай бало. Арабоьвллачу цара сай бехна Ахьмаде. Ахьмада ша сиха ву, аьлла, сай ца белла. Шозлгӏа а сай беха баьхкина, тӏаккха а ца белла Ахьмада сай. Кхозлагӏа а сай лахьара эшарш лакхийта, паччахьан йоьӏан самукъадаккхийтахьара, аьлла, дехар дина цара, тӏаккха Ахьмада сай белла. Хьасана шена ма хьеххара, цо аьлла эпсаршкий, инарлашкий:
— Аса шуьга сай ло, паччахьан йоӏа иза бехарна. Со сиха ву, дукха хьем ца беш, схьабалабелаш сай.
Иза а аьлла, йоӏ йехачу гӏалин пена йуххе меллаша некъа йисте охьахиъна иза.
Дашо сай ша йолчу чубалийча, йоӏ сайга хьаьжжинчохь йисина. Сайна хьалхахь йоллуш нуьйда хилла. Цу нуьйдан тӏе пӏелг а таӏош, йиш лакха, сай, йоӏа аьлча, ӏаламат хаза ладугӏу йиш лекхна Хьасана. Цу за́ман чохь йоӏ йолчу чохь цхьа а ца хилла, сай чохь волу Хьасан воцург. Сов эсала а, мерза а йоьӏан дог хьоьстуш, цуьнан даг тӏоьхула ловзуш хилла Хьасана лоькху йиш. Чӏогӏа ойлане йаьллачу паччахьан йоӏа:
— Наб кхоьтуьйтуш йиш лакха, сай, — аьлла, дашо сайн нуьйдан тӏе пӏелг таӏийна, сайн