– Кӏентий! Ӏожалла йа маршо! – баттара тур доккхуш, дин охьахийцира Бойсагӏара.
Оцу болатан гоьргана тӏаьххье чухецайелира дошлойн жима ковра. Амма царах цхьа ткъех стаг бен ца велира гонах ара. Чевнаш хиллачаьрца вара некхах тоьпан хӏоъ бисина Косолапов а. Тӏаьхьадаьллачу орцанера бевлча, ламанан чехкачу хил дехьахь садаӏа севцира уьш. Косолапов вала гергавахча, чевнаш хилла вуьш а битина, берриш а цунна тӏе гулбелира. Коьрте хиъначу Маккхала шабарца йеса доьшура. Бисинарш тапъаьлла ӏара.
– Воха ма вохалахь, Жабраил, хӏара де вайх хӏоранна а тӏехӏотта дезаш ду, – цунна маслаӏат дан, дог-ойла айъа гӏоьртира, туьра тӏе а тевжина, тӏехӏоьттина лаьтта Бойсагӏар.
Косолаповн кӏайделла балдаш халла хаалуш делаозийра.
– И хӏунда дуьйцу ахь, майра Бойсагӏар… Со воккхаве кху дийнахь… ламанан аьрзу санна, маьрша а волуш, айса ӏожалла тӏеэцарх.
– Весет дан лаьарий хьуна, Жабраил? – хаьттира Бойсагӏара.
– Хӏан-хӏа, – бӏаьрнегӏарш туьйхира Косолаповс. – Амма сан зудий, бераш дуьсу… Бераш даккхий хиллалц, церан доладер аш, шаьш дийна дисахь… Сан кӏанте, со муха ваьхна а, муха велла а дийца… Ша къастор цо… муьлхачу новкъа ваха веза… Сан дакъа… Тӏелхагна тӏе кхачаделаш… йуьртан кешнашка дӏадоллийта…
– Берашна са ма гатде ахь, Жабраил. Тхо дийна а долуш, Косин Жабраилан берашна хӏума оьшур дац хьуна. Тхайн доьзалш мацалла балийтина а, хьайниш бузор бу оха.
Косолаповс шен ши бӏарг Василийна тӏебуьйгӏира.
– Васале вистхила лаьара хьуна, Жабраил? – хаьттира Маккхала.
Косолаповс ши бӏаьрг хьаббира.
– Тхо новкъа-м дац хьуна, Жабраил? Хьайна ала луучунна хецций вистхила, – цуьнан хьаж тӏе куьг хьаькхира Маккхала. – Вай дерриш цхьана Дала кхоьллина адамаш ду. Шен махкана генахь ӏожалло хьовзийначу стеган дог суна дика хаьа. Цо сатосу винчу махке, ненан маттахь стаг вистхуьлу хазаре. Оьрсаша а, нохчаша а Далла гӏуллакхдар баш-башха делахь а, амма Аллахӏна хьалха цхьаъ ду вай. Тхох бехк лаций ца ӏаш, хьайна луъучу маттахь Васале хьайн дагара далхаде. Хьо винчу махкахь йижарий-вежарий а ма бу хьан. Шуьшиъ паргӏат вуьту оха.