Косолаповс халла хаалуш корта ластийра. Цо чӏогӏа таӏийначу негӏаршна йуккъехула бӏаьрхиш ӏовдаделира.
– Хьо бакълоь, Маккхал, – элира цо, лазарна садетташ, чӏичкъашка а оьхуш. – Ахь даим а олу бакъдерг. Хьо тера вац кхечу молланех. Хӏаъ, бу, дера, сан-м винчу махкахь йижарий а, вежарий а, гергара нах а. Суна уллера цхьа а дӏа ма вала. Шух лачкъийна хӏумма а дац сан… Сан даймохк, йиша-ваша, сайн халкъ ца дезаш ца ваьлла со шуьгахьа. Бусалба дин керста динал тоьлуш хетта а ца вирзина со цуьнгахьа. Сан даймахкахь харцо йу. Сан халкъана тӏехь латтош къиза ӏазап ду. Оцу харцонна, оцу къизаллина дуьхьалваьлларг тӏепаза войъу цигахь… Шу шайн коча йоьллинчу харцонна дуьхьал маршонехьа гӏевттинера. Иза дара со шун агӏонгахьа ваьккхинарг… Амма кху ткъа шарахь цхьа минот а йацара суна сайн даймохк, халкъ, сайн йиша-ваша дицделла… Васал, Вася… Суна хаьа, хьан кийрахь а, ведда лам чу веанчу хӏор а салтичун дагахь а изза бала буйла… Со цуьрриг дохко ца ваьлла кхаьргахьа волуш айса тесначу гӏулчана… Варийлахь, Вася, хьо а ма ваьллахь дохко… Вайн узарш ца хезачу дворянийн эпсарша вайна даймехкан йамартхойн цӏе тиллина… Амма и бакъ дац. Вай даймахкана а, халкъана а дуьхьал дацара, ткъа царна тӏехь харцо латточарна, хьан нана, хьан нускал, хьан йиша хьийзийначарна, хьайбанех санна, адамех йохк-ецар йечарна дуьхьал дара…
Косолапов цӏеххьана дӏатийра, гӏора кхачийна. Кхехкаш кӏежтуьйсу кийра сацо ницкъ ца тоьъна Василий, цуьнан некха тӏе а воьжна, догӏанах вилхира…