– И дерриг а хьан бакъонехь гӏуллакх ду, Михаил Тарелович. Вай долийначу гӏуллакхна ахча ма кхоаде-кх. Нохчийн цхьа эзар доьзал цигара дӏабалар а ду итт эзар соьман меха. Кхин а ду цхьаъ, Михаил Тарелович. Дӏадаханчу ӏай Россин кӏорге ссылке бахийтина Кунта а, цуьнан герггара мурдаш а, цигара схьа а баьхна, Одессехула Трапезунде бига безаран хьокъехь ахь далийна дош къобалдо ас, нагахь Теркан областехь бисина цуьнан вирдехь болу берриг нах царна тӏаьххье Турце дӏагӏахь.
– Цуьнан шеко йац, хьан императорски локхалла. Кху деношкахь Кундуховс хаам бина соьга, Кунтин ваша Мовсар Турце кхалха реза ву, ткъа берриг зуькархой цунна тӏаьхьахӏитта кечлуш бу аьлла.
– Дика ду, Михаил Тарелович. Со теша хьан а, Александр Петровичан а, Кундуховн а хьекъалечу кортоша вовшахтоьхна хӏара жоьпаллин гӏуллакх кхиамца чекхдериг хиларх. Тӏаккха шуьшиннан хьокъехь сайн веше, Цуьнан Императорски Воккхалле, дош ала тӏе а лоцу ас. Ткъа хьоьга дехар ду сан, Александр Петрович, вайн хиллачу бартан хьокъехь йаздина леррина кехаташ Михаил Тареловиче дӏадалар. Шуна ма-хаъара, со новкъа вала кечвеллера. Кхин хеттарш дацахь, шун пурбанца со новкъа волу. Хьо дӏавахале йуха гур ду вайна, хьомсара Михаил Тарелович.
– Дала мукъалахь! Дехар ду хьоьга, вайн йеза, лоруш йолчу Ольга Федоровне соьгара маршалла далар.
– Баркалла хьуна, Михаил Тарелович!
– Ахь Коджорехь хьайн доьзалца дика садоӏийла а, хан самукъане йоккхуьйла а лаьа суна. Хьан Императорски Локхалло пурба лахь, шу новкъа даха а лаьара суна…
– Баркалла, Михаил Тарелович, хьан догдикаллин доза дац…