Паччахьийн хьашташкий, лаамашкий хьаьжжина,
халкъаш духкура, оьцура, къестадора, цхьаьнадеттара.
Ф. Энгельс
Оттоманан Портин арахьарчу гӏуллакхийн министр ӏела-Паша карзахе дӏасахьийзара шен резиденцин уггар дика кечдинчу цӏа чохь. Цо оза дагахь йаийтина калйан хьайаза лаьттара. Цхьа сахьт хьалха-м иза оза ойла йара цуьнан. Амма хийцайелира. Дукха ца ӏаш цо тӏеэца везара Стамбулехь волу оьрсийн чрезвычайни полномочин векал инарла-адъютант граф Игнатьев. Ткъа мекарчу графца къамел дан сирла корта, могаш хьекъал а дезара.
Иза воккхавийна ца волура йаханчу бӏаьста инарлица Кундуховца шен хиллачу бартах. Кхиамца чекхбаьлла и барт бара ӏела-Паша султанна хьалха айъинарг. Султанан ӏабдул-Хьамидан заманахь дуьйна схьа туркойн султанато сатийсинарг, амма цхьаьнгге а кхочушцададелларг ӏела-Пашин чекхдолуш лаьтта. Доцца аьлча, дукха хан йара туркоша Кавказехь йуха а шаьш чӏагӏбаларе сатуьйсу. Малхбузе Кавказехь а кхиамаш хилира церан цхьана ханна. Бусалба дин чӏогӏа долчу элийн ӏедална кӏел йолчу Дагестанца а гӏуллакх догӏура туркойн султанан. Амма Къилбаседа Кавказерчу ламанхойх барамехь массарел дукха нохчий цаьргахьа ца бовлура. Гӏо-м дезара царна. Герз а, кхиболу тӏеман гӏирс а боьхура цара. Гӏоьнна дуьхьал мах бала ца лаьара. Нохчийн ахча доцийла хаьара туркошна. Церан хилча а, туркойн правительствона и ца дезара. Султанна мохк безара. Кавказан дегехь йоллу Нохчийчоь, цигахь деха майра къам оьшура цунна.
Амма нохчашна лаац цхьаннен а ӏедал тӏелаца. Цхьаъ шайн коча хуу гӏо ца оьшу шайна, олу цара. Шайна хӏун башхо йу йоккха «хьакха» а, жима «хьакха» а – оьрсийн паччахь а, туркойн паччахь а, боху. Царна, цхьаннах а цабозуш, маьрша баха лаьа. Бертахь, дуьхьало йоцуш цхьа буй латта цхьанне а лур дац шаьш йа, цхьаннен а йалхой хилла, чу а хӏуьттур дац шаьш, боху. Туркойн эмиссарашка ког ца