Амма, и план кхочушйан доьлча, вай кийча хила деза нохчашкахьара хинйолу луьра дуьхьало кагйан. Кху сохьта Кавказехь болчу вайн ницкъе хьаьжча, и тӏом бахлур бац, шина-кхаа кӏиранах чекхбала а тарло, амма йуьхьанцара тасадаларш ӏаламат луьра хир ду…
Шолгӏа некъ – кӏез-кӏезиг, сих ца луш, нохчий Турце кхалхор.
И план кхочушйан доьлча, вайна оьшу, лаххара а, пхи-йалх шо хан а, оцу йерриг а хенахь арахьарчу мехкашца чӏогӏа машар а, нохчийн муьлхха а гӏаттам хьаьшна дӏабаккха, Теркан областехь диллина латто тоъалчу барамехь эскарш а. Тӏаккха а, цхьа хьалххе дуьйна гушдоцчу бахьаница, кхузахь цӏе летар йац ала а даьхьар дац. Цундела, иштта меттиг тӏенислахь, Кавказан кхечу къаьмнашна хьалха вешан ӏедалан сий лардархьама, ас гайтинчу шина некъах хьалхарниг дӏабахьа, йа, вуьшта аьлча, берриг нохчий Соьлжан аьрру агӏон тӏе кхалхорца, тӏейогӏучу хенахь гӏаттамаш хиларна кхерам гуттаренна а дӏабаккха, и хьалхара некъ дӏабахьа коьртакомандующина йерриг бакъонаш йала йеза…»
– Цигара хьал-м шуна массарначул а дика хаьара суна, – барт туьйхира Михаил Тареловича. – Цхьана дийнахь шайн тӏеман кхиамаш хилчахьана, кхин тӏаьхьалонан ойла ца йеш, тӏенисбел-беллачу меттехь станицаш а, тӏеман чӏагӏонаш а йехкина. Коьртаниг ца гина. Хӏетахь кортошца ойла йан йезара, хьомсара государаш. Цхьа а низам доцуш туземцашна йуккъе баржийначу оьрсийн бахархойн ницкъ бац хӏоьттинчу хьолана тӏеӏаткъам бан. Хӏинца оцу ӏовдалша кегийна худар ас даа деза. Цӏий а ӏенош…
Дешна ваьлла кехаташ, деалха а тоьхна, оьгӏазе конверта чу таӏийра цо.