(Дешхьалхенан тӏаьхье)
Зеделларг ду, шайгара девлла зуламаш
шайн карарчу ӏедалан гӏоьнца тӏекхуьучу
тӏаьхьенах къайладахалур ду моьтту
нах телхина хилар.
Корнелий Тацит
Михаил Тареловичан ойланаш йукъахйехира тӏулг хьажош тобиначу урамехула гергадогӏучу говрийн ленаш тоьхначу бергийн татанаша. Иза хазза ладоьгӏна а валале, йиллинчу гӏопах чоьхьавелира дикачу дойшкахь герзах воттавелла йалх бере. Хьалха сирачу динахь вогӏура хӏокху махкахь хийла эпсар шех хьоьгу элдарчу дегӏара, куьце хӏирийн округан начальник инарла-майор Кундухов. Цуьнан некъахой бара виллина дӏа цуьнца хуьлу воккхаха ваша Афако, кхин виъ йалхо а.
Каде динара а воьссина, кхин дӏасахьажар доцуш, цӏа чу волавелира Кундухов. Цо урх тесна йитина говр, йега а йелла, бай тӏе тӏа детта йуьйлира.
Дукха хан йалале чувеанчу Лорис-Меликовн адъютанто Золотаревс, Кундуховс ша тӏеэцар доьху, элира.
– Чувола ала, – кхоссар а йина, вусавелира Михаил Тарелович.
Шаьшшиъ ший а кавказхо а, цхьана гонан ши стаг велахь а, Кундуховга безам ца летара Лорис-Меликовн. И цабезам хила бух а ма бацара. Кундухов хьуьнаре инарла а, говза дипломат а, хӏокху ламанан халкъашлахь лоруш стаг а ма вара. Хӏетте а, цуьнга ладоьгӏча, леррина хьаьжча, оцу арахьарчу куьцаний, хьекъалечу къамелний тӏаьхьа шалхо хиларх шеквуьйлура. Амма империна дикка гӏуллакхаш дина, Петербургехь йаккхий зӏенаш йолуш а стаг иза хиларна, мел ца лаахь а, Кундухов лара дезара Лорис-Меликовн. Тӏе, дукха хан йалале хӏара берриг ламанхой гучуьра бовларе догдохуьйлаш хиларо дагна маслаӏат а дора цунна.
– Охӏ, сан хьомсара Муса Алхазович! Мича махо валий-те хьо со волчу!
Бӏаьргаш а, йерриг йуьхь а йекхайелла, Кундухов маракъовла санна, ши куьг дӏаса а тесна, кегийра гӏулчаш йохуш, цунна дуьхьалвахана, иза, пхьарс лаьцна, гӏиллакхехь кӏедачу гӏанта тӏе валийра цо.
Ша дуьхьал охьа а хиъна, хаттаме хьеше хьаьжира Михаил Тарелович.
– Тӏаккха, хьомсарниг, хӏун ду керла? Оцу хьайн Скут-Кохахь дукха сагатдой ахь?
Гоьл тӏе ког а боккхуш, гӏантан гӏовли тӏе куьйгаш дехкира Кундуховс.