бендоцуш хьоьжу. Сан цӏа йуьстаха ду бохуш. Далла гергахь а нийса дуй иза, Никитич?
– Хӏун дийр ду ткъа?
– Цаьргахьа гӏо доккхур ду-кх. Вайн дерриг халкъо!
– Вайн халкъ ша а ма ду ткъа борза-морзахна йуккъе лаьцна. И ца хаьа хьуна?
– Цундела ваьлла со нохчашкахьа.
– Массара а дийр дац ахь динарг.
– Уьш хьан сецабо?
– Куьйгаш, когаш дихкина латтабо.
– Хабар ду иза, Никитич. Гӏо дан луучунна аьтто а карабо. Масала, хьо схьалоцур вай. Хӏокху нохчашца хьайн баьпкан йуьхк йоькъуш ӏа хьо. Ӏедал бӏаьрга дан а ца деза хьуна. Кӏезиг буй хьо саннарш? Бац. Миллионаш хир бу. Амма берриш тебна, тийна ӏа. Ткъа иштта ӏахь, шайна а марах дер ду. Тахана нохчий хьийзабо, кхана муьжгичун къамкъарг лоцур йу.
– Кхана бохург хӏун ду хьан? Масех бӏе шо дац ткъа цара муьжгашна тӏера цӏока йоху!
– Гӏеххьа болх бо. Вай сонта долу дела. Барт бац. Цо галдаьккхина дерриг а.
Бисинчара тапъаьлла ладоьгӏура къовсаме. Цкъацкъа Яшкин бага гӏаьттара, цхьаъ ала ойла хуьлий, йуха а соцура, баккхийчарна йукъагӏорта гӏиллакхе а ца хетий.
– Гора, дядя Вася, йаӏ! – элира цо эххар а, некха тӏе буй а тоьхна. – Хӏара кийра батталуш бу-кх сан. Ма хьалхе дицделла хьуна айхьа баринна букъ сеттийна. Хьан барий цуьнца къийса ницкъ?
– Суна ца дицделла хӏумма а. Ас къийсам а ца сацийна цкъа а.
– Нохчочун а, муьжгичун а дакъа цхьаъ ду. Атталла Андрей Никитична а ца дийцина ас, со Терка тӏе муха кхаьчна. И дерриг дагадеача, дегӏе зуз хьоду суна. Ас лелийнарг хиъча, ӏедало лаьллина каторге вохуьйтур вара со. Йа ирхъолла а мегара. Цундела ӏийна со баганна догӏа а тоьхна. Хӏинца дийца тарло, шу дерриш сан сайн нах ма ду. Аш дӏавуьйцур вац со.
– Тхан собарна ахь ӏиттарш хӏунда йо, хаац-кх, дядя Вася, – долийра Яшкас. – Бакъду иза, собаре ву оьрсийн муьжги. Собарна йал ло Дала. Цӏерга тиллинчу тӏедачу дечигах тера ву иза. Сийсаш, дакъалуш а ӏай, тӏаккха йоккха цӏе лета цунах. Иштта, садеттий-деттий, эххар а собар кхачадой, тӏаккха цӏеххьана гӏотту. Тӏаккха догӏмех къестадо помещикийн кортош, сийна цӏераш лета церан бахамех. Паччахьо шен лаамца дӏайаьккхина, моьтту хьуна, крепостной бакъо? Муьжгичо йаккхийтина. Халкъо. Иштта кхетал хьо. Бакъду, дядя Вася, масех миллион бу муьжгий.