Амма, бӏаьргаш белланза йолу цициган кӏорнеш санна, шаьш мича боьлху а ца хууш, хьалхахьа дӏагӏерта. Бодане ву муьжги. Хьаъа а ӏехаво. Паччахьо маршо кхайкхийра тхуна. Ткъа барино хӏун элира? Цкъа хьалха шайн маршонах мах а лой, тӏаккха дуьненан йеа а маьӏӏе гӏо. Латта ца хилча, маршонах хӏун до? Латта а эца дезаш хили. Хӏара стенах оьцу, ахча ца хилча? Ахча долчунна духкург а хӏун латта ду? Ахь хьакхар хьекхарх а, тӏехь йалта хиндоцург! Тӏаккха карзахбевлира муьжгий. Паччахьо муьжгий, латта а луш, маьршабаха аьлла, йаьккхина грамота помещикаша дӏалачкъийна бохуш, эладита даьржира. Тхуна луларчу Безднахь вехаш вара Петров Антошка цӏе йолуш цхьа муьжги. Йоза-дешар а хууш. Чекхдаллалц Забур, Инжил дагахь а хууш. Эвлайаъ ву бохуш, вуьйцура иза. Паччахьо муьжгашна йелла грамота цуьнгахь йу, бохура. Муьжгашна маршо, латта, хьаннаш дӏало, бертахь йала цалуучуьнгара нуьцкъаха йаха аьлла. И хезна йарташкара муьжгий, цхьаьна а кхетта, Бездна бахара. Цига гулделла адам шайн бӏаьрга гинехь, цецдевр дара шу. Маситта эзар стаг. Зударий, бераш а. Цигахь оха сацам тӏеийцира, помещикийн бахам, латта а муьжгашна бекъа, нагахь дуьхьало йахь, хӏетталц тхайн цӏий мийлина и цӏубдарш дайъина дӏа а даьхна, йарташкахь тхешан, муьжгийн, ӏедал хӏотто. Сацам хиллий, кхочушбан беза. Дӏа аралилхина, тхо помещикийн бахам тало дуьйли. Тӏаккха хилира доьхнарг. Губернаторан омрица тхан Спасский уезде инзаре доккха эскар хьажийра. Бакъду, тхан йуьртахоша дуьхьало йора. Герз-м дацара тхан. Дагаршна тӏе йехий даганаш тоьхна, шаданаш, мангалш карахь отрядна дуьхьалдевлира тхо. Амма, ира цамзанаш буьххьехь тоьпаш хьалха а лаьцна, нийса ког боккхуш салтий тӏебуьйлабелча, тхо доьхна хьаьвзира. Тхо дӏахуда санна, и шен ӏаьржа бага а гӏаттийна, тӏехьоьжура килсана хьалха хӏоттийна чаччамех йуьзна йоккха топ. Тӏаьхь-тӏаьхьарниш дӏасауьдуш, хьалха волу тхо иттех стаг висира салташна дуьхьал. Оха а баккъаш берзийра.
– Ма тӏемалой а хилла! – велавелира Васал. – Салтий ма-гиннехь, бевддий-ца!
– Хӏун дийр дара ткъа? – дегабааме Васале хьаьжира Яшка. – Тоьпашца, йаккхий тоьпашца кечбеллачу шайн коьртехь