вайн лаьтта тӏехь турпал ца ийгира уьш?
– Ишттаниш кӏезиг ма бара…
– Ткъа хьуна хӏун моьтту? Дийнна оьрсийн халкъ, цхьана дийнахь гӏеттина, вайгахьа дер ду, моьттура хьуна? Хӏокху карахь йолчу заманахь ишттаниг хир ма дац. Вайн дай а, Терка тӏера гӏалгӏазкхий а, цхьа вежарий санна, бертахь баьхна масех бӏе шарахь. Муьжгашца а. Арахьара кхерам тӏегӏоьртича, цхьаьна а кхетий, йукъарчу мостагӏчунна дуьхьал а буьйлуш. Вовшийн диканан, вонан дакъа а кхочуш. Тӏаккха Терка тӏе паччахьан ӏедал деара. Цо зайлаш туьйхи оьрсашний, вайний йуккъе. Йуккъе мостагӏалла доьлли. Бӏешарахь гергга лаьттинчу тӏамо цӏеран арц хӏоттий шина къомана йуккъе. Амма хенан йохалла халкъашна хуур ду хӏокху бохамашна бехке мила ву. Хӏинццалц шаьш вовшашна дуьхьал латтийна герз оцу бехкечарна – паччахьна, хьоладайшна – дуьхьал дерзор ду.
Ӏелас товхана масех дечиг кхоьссира.
– Иза-м дуьххьара ца хезара суна хьоьгара, – цавешира ӏела. – Маккхала а, Аьрзус а дийцира. Хьанна хаьа, и гӏалкхазкхий вайн махка тӏехь бацахьара, хенан йохалла ахь ма-бохху хила а тарлора. Хӏара мохк царна а, вайна а тоахьара а, хир бара машар. Ткъа хӏинца муха ду? Церан оьшучул а тӏех латта ду, вайга лаьттан мацалла хӏоьттина.
Суьлхьанаш хьовзийна ваьллачу Маккхала, ши куьг хьала а лаьцна, доцца доӏа а дина, йуьхьах куьйгаш хьаькхира.
– Хьалха хьажий бен, ког ма баккха; тӏехьа хьажий бен, дош ма ала боху кица лаа дац, ӏела, – суьлхьанаш кисана таӏийра Маккхала. – Ойла ца йеш хабар ма дийцалахь цкъа а. Хьоьга ладоьгӏуш ӏен и кхо кӏант а тиларчу вуьгу ахь. Вайца тӏом барх цуьрриг а дика болх ца хилла муьжгичунна. Уьш а белла оцу тӏамехь. Вайл а дукха. Дийна биснарш шайн хьалхалеррачу къоьллехь, ӏазапехь, харцонна кӏел узарш деш ӏа. Бӏе, ши бӏе, эзар шо хьалха санна. Бакъду, гӏалгӏазкхий вайн махка тӏе ховшийна. Амма хьуна хаац и мохк паччахьо царна белла цахилар. Иза пачхьалкхан дола ма баьккхина. Нагахь гӏалгӏазкхичо паччахьна гӏуллакх ца до-кх, латта а, бахам а схьа а баьккхина, шен дерзинчу дегӏаца дуьненан йеа а маьӏӏе дӏахоьцур ву.
– Тӏе, уьш шайн лаамехь а ца баьхкина вайн махка, – тӏетуьйхира Берсас. – Гӏизлара кӏел вехачу цхьана воккхачу стага муьжгичо