дийцира суна, шаьш кхуза муха кхаьчна. Мацах, шайх Мансуран заманахь, Россин паччахь зуда йолуш, Гӏизларна уллора мехкаш шен элашна совгӏатана белла цо. Итт эзарнаш урдаш цхьанна а луш. Латта дуккха а хилла, ткъа иза лело ахархой бац. Хӏаъ ткъа, элашна латта лело. Тӏаккха элаша дӏога Россехь шайн долара муьжгий схьакхалхо болийна. Доьзалшцанна. Анд-андийниш. Масех эзар чаккхарма генара. Цига схьакхачале, новкъахь ах хӏаллакьхилира шаьш бохуш, дуьйцура цо. Дийна биснарш йа церан тӏаьхьенаш йу цигахь бехарш. Оцу элашна бецаш. Новкъахь беллачех а хьоьгуш. Иштта балийна кхуза и гӏалгӏазкхий а. Шайн догӏмийн дай бац уьш. Мичхьа а цхьанхьа – махкал чоьхьа а, арахьа а – тӏом хилча, лаахь а, ца лаахь а, шайн дойшна тӏе а хевшина, дӏабаха беза. Ца гӏахь, Маккхала ма-аллара, цӏийнах-цӏарах бохур бу.
Ӏелас кхерча техкина дечигаш даьгна довлуш дохкура. Котам дека дуьйлира арахь. Цӏа даха деза хан хиллера тоххара, амма кхаа кӏантана ца лаьара гӏатта.
– Кхин цхьаъ а ду шуна, кегий кӏентий, – цаьргахьа вирзира Берса. – Вешан бохамашна вай и гӏалгӏазкхий бехкебахь а, амма дукхахдолу вайн латта инарлийн, эпсарийн карахь ду шуна. Гӏалгӏазкхичунна цхьа масех урд дакъа делла. Вайн доларчул алсам а ду иза. Амма цхьа чим латта доцурш а бу царалахь. Ткъа Органан округан начальникан Ипполитовн долахь эзар урд латта ду.
– Вайн нохчийн зуда йерг вуй иза? – хаьттира ӏаьлбага.
– Хӏун башхо йу цуьнан? Полковникна Белликна делла эзар урд сов. Ткъа Буритӏарчу цхьана полковнико Свистуновс Мазлакна кӏел пхи эзар урд гергга дӏалаьцна. Гӏалгӏазкхийн йарташкахь шайчеран йаьӏнаш тӏехь ӏачу кӏеззиг гӏалгӏазкхашна – Флоровгӏарна, Федюшкингӏарна, Камковгӏарна – пхиппа-йалх бӏе урдаш мехкаш белла.
– Берсас буьйцурш-м оьрсий бу, – тӏетуьйхира Маккхала. – Вайгара дӏабаьккхинчу махках луларчу къаьмнийн элашна мел латта делла, хаьий шуна? Таймазгӏарна, Беккагӏарна, Элдаргӏарна, Тӏурлогӏарна? Хӏоранна а – вуьрхӏитта эзарнаш урдаш! Царал тӏаьхьа ца бисина вайн къоман эпсарш – Ботагӏар, Орцагӏар, Къосамгӏар, Девлатмирзагӏар, кхин, кхин а. Пхиппа бӏе урдаш латта делла царна а. Ткъа Хортӏагӏар, Чомакхгӏар санначу лахарчу