Кубанера ши полк йалийна областе. И герзан ницкъаш бу хьуна Терски а, Сунженски а гӏалгӏазкхийн пхеа бригадал сов. Кхечу пачхьалкхашца тӏом эккхахь, Нохчийчуьра нийсса ах эскарш дӏадига дезар ду вайн. Тӏаккха цигахь хиндерг, ас ца дийцича а, хаьа шуна. Ас иштта аьлча, со хьаставала гӏерта ма моттийла шуна, амма хӏара край, кхузара адамаш дика девзаш волу Михаил Тарелович воцуш, кху областан коьртехь кхин стаг хиллехь, кхузахь хаддаза цӏий ӏенарг хиларан шеко йацара. Ткъа господино Экельна Кавказски тӏеман истори ӏамо йезий-те, моьтту суна. Нагахь хьайна и йерриг ӏамош къахьега ца лаахь, хьайн полкан истори мукъана а ӏамайе. Иза Нохчийчоьнах тийсало нийсса бӏе шовзткъа шо ду хьуна!
– Хьан локхалла, ахь урокаш йалар оьшуш вац со! – оьгӏазвахана, балдаш дегош кхоссар йира Экельна.
– Суна а, дера, ца оьшу хьо тайпа дешархо. Кхузахь стаг дахаро а, шатайпачу хьелаша а ӏамаво. Хьо а ӏамор ву хьан бертаза.
– Господа, девнаш цадар доьху шуьга, – хьалагӏеттира Лорис-Меликов. – Девнаш дайта ца гулдина шу кху чу. Хьомсара Эдуард Филиппович, хьо дукха тӏехула хьоьжу мостагӏчун ницкъе. Хьан бӏаьргашца вай Нохчийчоьне хьийсахь, цо хӏинца а дуккха а къахьоьгуьйтур ду вайга. Ипполитов бехке ван а, суна цхьаммо а иза бехказваха а ца вогӏу. Иза хьекъал долуш, тӏедиллинарг цӏена кхочушдеш администратор ву. Бакъду, кху некъехь Сайдуллин хьокъехь гӏалатваьлла иза. Цуьнан донесени, шалхо йоцуш, доггах йазйина йу. Ткъа аш, господаш окружни начальникаш, нохчашкара герз дӏаэца а, уьш салт баха а, керста дине берзо а, царна тӏе текхамаш бахка а, латта дӏадаккха а, уьш нуьцкъала махкахбаха а вайн ӏалашо йоцийла хаийта халкъе. Йарташка ас командировать винчу полковнико Муравьевс халкъе дӏа ма-хьедарра, правительствос цхьа а нуьцкъала Турце кхалхор вац, амма воьдург сацор а вац. Луурш а бохуьйту бухабуьсучийн аьттонна. Лаххара а апрель бутт чекхболуш кхелхачийн хьалхара партеш новкъа йаха дезар ду вайн. Ас йуха а боху шуьга, берриг нохчий кху цхьана шарахь кхалхалур бац дӏа. Кху шарахь вай дӏахьовсораш вайн ӏедалца цкъа а машар хир боцурш бу. Бисинчаьрга шайна йалташ дерна гӏайгӏа байта беза. Царна йуккъехь