дӏакхайкхо деза, Гӏумкийчохь а, Хӏирийчохь а, Гӏебартахь а лаьттан гӏуллакх къастош йолу комисси, цигара йаьлча, Нохчийчохь болх бан а йолалур йу, нохчашна лаьттан токхо а йийр йу аьлла. Суна хетарехь, Александр Петрович, хӏинца хьайн ала дерг ахь ала а аьлла, господаш эпсарш паргӏатбитича мегаш ду.
Карцов, шен бӏаьргех долу куьзганаш дӏадаьхна стоьла тӏе охьа а дехкина, ши куьг стоьла тӏе а дуьллуш, креслон гӏовлех тевжира.
– Доцца аьлча, господаш эпсарш, гӏуллакх, шух цхьаболчарна ма-моьтту, атта дац. Михаил Тареловича цкъа соьга ма-аллара, тахана Нохчийчоь эккха йоллучу вулканах тера йу. Бакъду, хьалхалера бехачу, халачу тӏемийн зама дӏайаьлла цигахь. Хӏетте а, кӏеззигчу ханна, амма довхачу тийсадаларшна ницкъ оьшучул а тӏех бу нохчашкахь. Правительствон чӏогӏа сагатдо зуькархойн стамлучу тобано а, йарташкахь берашна вовшахдеттачу спартански ловзарша а. Нохчийчоь къарйала дагахь йац. Иза вайн кога кӏел соцур йац, вай кхин а бӏе эзар гӏалгӏазкхи нохчашна йукъа охьа ца хаавахь, цигахь йолу тӏеман гӏаьпнаш чӏагӏ а йеш, кхин керланиш ца йогӏахь. Иза дан доьлча, дукха хан а, йоккха харж а йеза. Цига гӏалгӏазкхийн керла станицаш йахка доьлча а, ах нохчий, махках баьхна, Россин кӏоргерчу губернешка кхалхо деза вайн. Амма нохчашкара дера дуьхьало йоцуш иза хир дац. Терски областехь машар хӏотторна уггар аттаха болу некъ нохчий Турце кхалхор лору правительствос. Шуна ма-хаъара, кху итт баттахь къайлаха цунна кечам беш ду вай. Нагахь санна кхалхоран инициатива правительствера схьайаьллийла царна хаахь, гӏуллакхан кхиаме догдохийла йац вайн. Цундела коьртаниг – и къайлехь латтор ду. Нагахь цхьамма и къайле йеллахь, вай итт баттахь хьегна къа дайна ца ӏаш, Нохчийчоьно дуккха а халонаш хьоьгуьйтур йу вайга. Иштта а, вуьшта а, цхьа дакъа нохчий махкахбахар правительствон хийца йишйоцуш сацам бу. Хӏинца цкъа вай схьалаьцнарг бертахь некъ бу, амма, ца хуьлчу даьлча, герзан ницкъе кховдаза а девриг хир дац. Цундела, балхана йа тактически ӏаморна алий, кху областера дерриг эскарш Нохчийчу лагершка хӏиттаде. Уьш кийча хила деза муьлххачу а минотехь гӏуллакхна. Хӏара бӏаьстенан йуьхь