ду. Зурманах декаш, тӏулгаш тӏе ӏена, ша санна, шийла шовда. Мелачу махо эсала хьоьсту попан гӏаш кхерайеллачу йоӏстагах тера дегадо. Цуьнан лекхачу бохь тӏехь, «кхур-р-кхур-р» деш, бека машаран къоркхокха.
Дахарх воккхавеш, исбаьхьчу ӏаламах марзо оьцуш, ваха везара. Амма ӏела цуьрриг воккхавец. Хӏунда аьлча цунна хазац шена гонаха деттачу дагарийн тата, стерчий лоьхкуш ахархоша детта маьхьарий, кегийрхойн самукъане иллеш, мехкарийн эшарш.
Йалта ден лаац цхьанне а. Цхьаберш Хонкара кхалха кечбелла. Мелла а таронаш йерш, шайн сал-пал а йоьхкина, паспорташ а эцна ӏаш бу, шайца дӏавогӏучу инарлера Мусера хаам хиларе хьуьйсуш. Ткъа Хонкара кхалха хьовха, лула йуьрта хьошалгӏа баха а дедоцу важа бисина нах, кӏелсевцца. Шайга, Сибрех доьлху шу йа паччахьан эскарех летта ле шу аларе ладоьгӏуш. Цундела йа охуш а, йа дуьйш а вац цхьа а. Ирх-пурх а, дӏадийнарг тӏедаллалц шаьш кхузахь дуьсур дац, боху цара.
Дехьа басахь цхьамма-м, дог доруш, цхьа сингаттаме мукъам болийра:
Дависа хьан делаӏ, хӏай мерза ва дуьне,
Хьо диънарг мила ву, бохуриг ва хилла?
Давала хьан делаӏ, кийрара дилхан дог,
Хьайна там ва хилча, лом санна айалой,
Йишин бер ва хуьлий, мел коча качло хьо,
Хьайна там ца хилча, дера ча ва санна,
Мел дера дарло хьо, кийрара дилхан дог…
Ӏелина хаац, хӏун дан деза. Цунна-м Хонкара ваха лаьара шен доьзал а эцна, амма Аьрзус и аьттехьа а ца дуьту. Мацалла-м хӏунда хьехайора, хӏара лаьмнаш даш хилла лаларх, хӏара латта молханах эккхарх, ша кхузара дӏа ког боккхур бац, боху. Нуьцкъала уьш а совцалур бац.
«Нагахь Сибрех дигахь? – ойла йо ӏелас. – Цигара цхьа а дийна цӏа ца воьрзу. Тӏе, берашца цхьаьна. Ванах, цуьнан ӏумарх а, ӏусманах а керста хир ву-техьа? Хӏай веза Дела, Хьайн бусалба дин тхайца ӏалашдан ницкъ лолахь тхуна! Ма дика ду-кх, сан ши бер кӏентий болуш. Уьш йоӏарий белхьара, хӏун дан дезара? Сибрехахь сол тӏаьхьа царах…»
– ӏели!
Бевзачу маьхьаро ойланаш йукъахйехира цуьнан.
– Ва-а, ӏела!
«Аьрзу ву-кх иза! Хӏара схьа хӏунда веана? Лаа-м дац хьуна иза…»
– Ва-вай!
– Хьо мичахь ву?
– Хӏоккхузахь, шовданехь ву-кх! Дӏавогӏу со!
– Ца оьшу, со чувуссу!
Шовданна тӏебогӏучу гӏашлойн новкъахь дукха хан