йалале гучувелира йуткъа гӏодайукъ, шуьйра белшаш, дайн болар долуш элдарчу дегӏахь стаг.
Хьала а иккхина, дуьхьалхьаьддачу ӏелас цуьнан карара топ а, тур а схьаийцира. Аьрзус, вист ца хуьлуш шовданна тӏе а вахана, голаш тӏе а лахвелла, сих ца луш шен онда ши куьг а дилина, канаш чохь схьа а оьцуш, хих цхьа масех къурд бира. Тӏаккха, йуьхьах шийла хи а тоьхна, чоин тӏам а хьаькхна, дӏаса а хьаьжна, пӏенда санна горгачу попан орамна тӏе охьахиира иза.
Ӏелас хеттарш ца дора. Вешин худайеллачу йуьхье, гӏайгӏанах буьзначу хьекъалечу бӏаьргашка хьоьжура иза. Дагардира цуьнан лекхачу хьаж тӏера хебарийн хершнаш а. Аьрзу а ца хуьлура вист. Хӏара диканиг дохьуш ца веана. Шен ӏаьржачу, хазачу можа тӏехула куьг а хьаькхна, дуькъачу мекхийн йуьхьигаш хьовзийра цо.
– Охуш ма вац хьо? – хаьттира цо эххар а.
– Чорин сту сиркхо хилла. Шуьста, ца бужуш, дӏахийцира ас-м.
– Кхин хӏуъу цхьа гӏуллакх дийр дара-кх, мукъа ца ӏаш. Бӏал бохор бара-кх. Дакъаделла, куьзга санна, лепаш ӏохку бӏаьллаш. Айзех хӏун хили?
– Цӏа йахийтира-кх ас.
Хеттарш совцийна, гонаха бӏаьрг а тоьхна, хьала а гӏеттина, вахана дехьа лаьттачу жимачу, сийначу бай тӏе аркъалвелира иза.
– Ма тийна ду-кх кхузахь, – элира цо, цхьа хан йаллалц ши бӏаьрг хьаббина ладоьгӏуш а ӏийна. – Олхазарийн, цаьпцалгийн эшарш, дехкаший, моьлкъарчаший дӏасауьдуш ден шур-шур бен, гӏовгӏа йац. Адам дистхуьлу а ца хеза. Схьавогӏуш, некъашца бӏаьрг беттара ас. Цхьа а са-м, дера, дац. Хӏара-х бӏаьсте йу. Ахархочунна уггар сиха хан. Дийнахь а, буса а кха тӏехь ӏан везаш. Хӏинца дӏадийнарг бен карор доцуш. Хӏетте а, кхаш тӏехь цхьа а вац. Моьттура, массо велла, хӏара дуьне дассаделла. Делхьа, ма пайда бер бац нахана кху гӏуллакхах, бала ткъа. Хӏинццалц гинарш йицйеш, ирча мацалла ма хӏоттахьара. Цунах кхоьру-кх. Хонкара кхелха, Сибрех дуьгу бохуш даьржинчу оцу эладитанаша, массо гӏуллакх карара а даьккхина, бохийна, баржийна нах. Маситта шарахь оццул йаккхийчу халонашка ца эшабелла нах хӏинца кӏелбаха. Минотана даг чу боьссинчу кхерамо пана бехи.
– Кхин хӏун дийр ду цара, Аьрзу? Латта ма дац церан. Вайн рицкъа дерриг лаьттаца ду. Иштта а, вуьшта а лийр ду адам.