– Нагахь нохчий, тӏеман законаш а лардеш, бӏаьхаллин низамехь вайна дуьхьалхӏиттина латахь-м, кхо кӏира а дукха хир ду. Цара и дийр ма дац. Даим санна, шайн доьзалшца лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайла а бевлла, вайна дуьхьал партизански тӏом бийр бу цара. Ткъа ишттачу тӏамна цул говза а, каде а къам дац дуьненахь. Тӏаккха, бохий ахь, кхаа кӏирнах-м хьовха, кхаа шарахь а ларор дац вай.
– Кхин некъ ца хилча, хӏун дан деза?
– Нохчашна а ца буьсу, латар бен, кхин некъ. Оцу халкъах ах сов божарий хӏаллакьхилла. Цуьнан уггар дикачух ах мохк дӏабаьккхина вай. Доцца аьлча, тӏамал хьалхалерчу шайн йукъараллин дӏахӏоттамна тӏе йухаберза а, хӏетахьлера бахаман хьелаш кхолла а йа аьтто а, йа ницкъ а бац церан. Йукъараллин дӏахӏоттам бохийна, мохк дӏабаьккхина. Керла хьелаш, вайн урхалла, низам тӏеэца ницкъ а, кхетам а бац. Гой хьуна, Михаил Тарелович, нохчаша а лоьху кӏелхьарбовла некъ. Мичахь бу иза? Йа вайн ӏедалца машар бина совцар, йа, дуьхьало йеш, летта балар, йа, Кубанера ламанхой санна, Турце дӏакхалхар – и кхо некъ бу царна хьалха.
Лорис-Меликовс ойла йира, хьажа тӏе нана-пӏелган гола а хьоькхуш.
– Цара муьлха некъ къастор бу аьлла, хета хьуна? – хаьттира цо эххар а.
– Нагахь правительство хьан план кхочушйан йолахь, – шолгӏа некъ. Ткъа иза даррехь тӏом бу.
– Ахь хӏун хьехар ло?
– Уьш шайн лаамехь Турце кхалхийта гӏорта деза.
– Ахь баккъал а боху? – цецвелира Лорис-Меликов. – Айхьа дуьйцучух хьо-хьо а ца теша-кх, инарла!
– Хӏунда ца теша?
Кундухов зуьйш, хаттаре цунна тӏевогӏавелира Лорис-Меликов.
– Хӏета, стенах догйовха ву хьо?
– Дуьненахь а зебеллачу цхьана некъах. Нохчийчохь цӏейаххана лоруш волу масех стаг ахчанах эца. Цаьрга нахана йукъа туркойн султанан цӏарах прокламацеш йаржайайта. Уьш шортта ма йу вайгахь. Тифлисехь нохчийн цӏарах зорба тохийта уьш. Вай эцначу наха, кхузахь хиндолчу дахарх догдоккхуш, нахана Турце кхалхар хаздеш, эладита даржор ду.
– Шеконехь гӏуллакх ду иза, – чам байра Лорис-Меликовн. – Оцу аьшпех а ӏехабелла, вайн хьомсара нохчий Турце кхалха реза хир бу бохучух тешац со.