– Жимачу Гӏебарта кхелхар бу, моьтту хьуна?
– Цига кхалхо дукха атта хир ду. Гӏебарта уллехь ма йу церан даймахкана.
– Ахь цхьа хӏума тидаме ца оьцу, Михаил Тарелович – и Турци бусалба пачхьалкх хилар. Дин политикин корта бу массо а пачхьалкхехь. Вайна къайле ма йац, Закавказера керста халкъаш шайн лаамехь Россех схьакхетийтинарг а, Балканерчу халкъийн ойла вайгахьа йоккхург а дин хилар. Закавказехь Эрмалойн область кхоьллича, бусалба Иранерий, Турцерий ведда маситта эзар эрмало веара цига. Россин, Турцин тӏом масазза хуьлу, Балканера итт эзарнаш болгараш, сербаш кхелха Россе. Иза бусалба пачхьалкх йолу дела кхелха Малхбузера ламанхой Турце. Герзан ницкъ ца тоьллачохь ахчано гӏуллакх до. Со тешна ву, вайн правительство гуш йукъа а ца гӏерташ, нохчий Турце кхалхалург хиларх.
– Ахь-м со а тешош лаьтта! Ткъа хьан лоцур ду и гӏуллакх шена тӏе? И дерриг вовшахтоха а, чекхдаккха а шатайпа стаг ма оьшу. Правительство а, нохчий а тешаш.
– Ахь боху стаг хьуна хьалха ву. Оьрсийн эскарийн инарла велахь а, нохчий чӏогӏа теша сох.
– Нохчашна йукъахь хьан сий дуйла, хаьа суна. Амма хала а, дукха хан йезаш а, шекончохь а гӏуллакх ду-кх хьуна дагадеанарг. Тхоьгара хӏун оьшур дара хьуна?
– Масех стаг эца, цкъачунна итт эзар сом ахча а, Тифлисехь кечйайтий, нохчий Турце дӏабоьхуш, цигахь царна даладолуьйтур ду бохуш, султанан цӏарах прокламацеш а, правительствос шайн лаамехь Турце кхелхачу нохчашна гӏо дан тӏелацам а, и гӏуллакх вовшахтохархо правительство хилар а, долор соьгара схьадаьлла хилар йоккхачу къайлехь латтор а.
Мекхийн йуьхьигаш хьийзош, жимма ойла йира Лорис-Меликовс.
– Кхузахь-м хьан кхиам хуьлуьйтур вай. Ткъа туркойн правительство реза хир йуй-те нохчий тӏелаца? Кубанера дӏабаханчу ламанхоша сийсош йу Турци. Уьш дӏатарбан а ницкъ боцуш, гатйелла хьийза султанан правительство. Ткъа кхелхарш хӏинца а йуккъе а ца бевлла. Дӏакхаьчнарш мича хьолехь бу? Йерзинчу стигала кӏел, цамгарший, мацаллой хьоькхуш. Бухарчу бахархойх леташ, талораш деш, дахарехьа къуьйсуш. Цаьргара хьал ца хууш хир ма бац нохчий.
– Цигара гӏуллакхаш нисдан, Константинополе гӏур ву со, – сихха жоп делира Кундуховс.