тӏебогӏу салтийн бӏо. Йурт йогу. Цӏеран меттанаш хьерча Данчӏин дегӏах. Тӏаьхь-тӏаьхьа хала хуьлу садаӏа. Салташа болар хуьйцу, уьш хӏинца бевдда богӏу. Данчӏас, уьш совцо гӏерташ, тур лестадо. Иза цхьаъ бен вац тӏеман арахь дийна. Делла ӏохкучу адамийн догӏмех ихначу цӏийх хӏиттина ӏаьмнаш ду. Цӏий тӏаьхь-тӏаьхьа айъало, цунна тӏехула хьийза берийн декъий. Данчӏас гонаха бӏаьрг бетта – вац цхьа а гуш. Стигала хьалахьажавеллачу цунна го, сирчу дина а хиъна, мархашлахь хьийза
Аьрзу. Данчӏа цуьнга кхайкха гӏоьрта, амма кийрара аз ца долу. Хӏоьттина цӏий логе кхочуш лаьтта цунна. Амма салтий, шекбоцуш, тӏегӏерта. Данчӏас лесто тур кхетац цхьанне а. Цӏий бага лелха, са ца даӏалуш хар-хир до, амма Данчӏас, берриг ницкъ тӏе а гулбой, мохь туху:
– Аьрзу! Аьрзу… леш воллу-кх со…
Цӏеххьана цамгар чӏагӏйеллачу Данчӏина гонаха хьийзара Хеда. Дегӏах къаста гӏертачу сино ницкъбиначу цо дӏасатуьйсу меженаш сецо гӏерта иза. Логехь туй сецча санна, хар-хир деш, цо доьӏучу сино набарх ваьккхина, ша хӏун дер ца хууш, ден коьрте хиъна Болат а ӏа.
– Же, ма ӏелахь, Болат! Маккхале чехка схьавола ала.
Цкъа а цамгар хӏун йу ца хууш, могаш кхиъначу Данчӏин зоьрталчу дегӏо къуьйсура ӏожаллица. Иза кхо бутт хьалхалерниг дацара. Хӏетте а, цо тӏаьххьара минот тӏехӏотталц къийсира дахарехьа. Веттавалар лагӏделира. Маккхалгӏар чукхаьчначу хенахь иза тийна ӏуьллура.
Доьӏучу сих Данчӏа мича хьолехь ву хиъначу цушимма сихха къилбехьа верзийра иза. Маккхала, коьрте а хиъна, меллаша йеса долийра.
– Хеда, тхо дӏасакъаьсташ, ма тера дацара хӏара хила доллучух, – вистхилира Аьрзу, цхьаъ алархьама.
– Со-со а ма йацара хӏара кху хьола тӏе ваьр моьттуш-м. Шу дӏадаханчул тӏаьхьа, кӏегар хиъна, соьга весет дина, тӏаккха охьавижира хӏара. Йа ахӏ деш а ма вацара. Цӏеххьана веттавала вуьйли, соьга сеца а ца луш, тӏаккха хар-хир долий, йуха, цкъа-шозза хьоьга а кхайкхина, дӏатий-кх…
– Дала мукъалахь, гӏоли хир йу. Гена некъо ницкъ бина кхунна. Цхьана дийнахь садаьӏча, дегӏ меттадогӏур дай кхуьнан-м, – маслаӏате гӏертара Аьрзу.
Сатосуш лаьттара. Цхьацца-шишша довш, дӏадайра йекхначу стигалара седарчий. Серлайаьллачу