арахь гора, мархех чекх корта а баьккхина, ирхбахана Циранкатар ломан бохь. Наггахь серлонаш къегара Муш-шахьарахь а. Амма хӏинцале шера къаьстара эрмалойн килсийн – Сэв-Авэтарана, Сурб-Маринэ, Сурб-Киракосан – бӏаьвнаш, ӏалауддин-беян маьждиган ира момсар а. Хьанна хаьа, кхузахь ӏачарна ца хазахь а, оцу момсар тӏехь хӏор а пӏерасканан дийнахь санна, тахана бусалбанашка рузбане кхойкхуш молла хила а тарло. Дукха ца ӏаш Далла гӏуллакх дан керстанашка кхойкхуш декар ду килсашкара горгалеш. Шина а динадайша, цхьаболчара – килсашкахь, вукхара – маьждигехь, махьарх йуьзначу гайш тӏехь куьйгаш морзахдаьхна, адамашна хьехам лур бу, дика-вон Делера бен догӏур дац, Цо деллачунна реза а хилий, совца, кху дуьненахь халонаш хьегначеран эхарт декъала хир ду бохуш.
Амма цхьаннен а дагахь хир вац леш воллу Данчӏа а, бӏарзбелла гонаха хьийза цуьнан доьзал а…
Кхетачу малхаца самайаьллачу шахьарахь, йарташкахь дахар кхехка доьр ду, ткъа туьпара нах, оцу буса беллачийн декъий айъина, уьш хийрачу лаьтте кховдо йуьстаха бевр бу. Иштта догӏур ду кханалера де а, цул тӏаьхьа догӏу денош а.
Данчӏас тӏаьххьара а са дӏалуш, бераш арадаха гӏоьртира Хеда. Амма Аьрзус сацийра иза.
– Болат чохь виталахь, Хеда. Хӏара де ца дицден шена цо. Шайн дайн санна, декъаза дуьне доладелла берийн а. Волийта ахь иза. Халонаш хӏинца а хьалха йу.
Цхьанне тоса а ца луш, атталла салам ца луш, чувеана Мӏаьчиг, хӏара хьал хӏуттур дуйла шена хьалххе дуьйна хууш хилча санна, вист ца хуьлуш Данчӏин когашка хиира. Хӏетта лаьмнашна тӏехьахула хьалакъедда маьлхан зӏаьнарш йийшира Данчӏин мажйеллачу йуьхьа тӏе. Дазделла негӏарш халла хьала а айъина, хӏиттина бӏаьргаш Мӏаьчиге а хьажийна, тӏера цӏен бос байна дакъаделла балдаш меттахъхьадира цомгашчо.
– Мӏаьчиг, дага… догӏий… хьуна… вайша… Оьрза-Гӏала базарахь… цхьаьнакхетар… ӏалхас… дина дов…
Ша ала гӏертарг чекх ца даккхаделира Данчӏега. Тӏаьххьарчу дешан ах матта тӏехь йуьсуш, са дӏаделира цо. Аьрзус бӏаьрнегӏарш тӏехьабдешшехь, Маккхала шен кисанара даьккхинчу йовлакхца чӏениг дӏайихкира цуьнан. Тӏаккха, докъана тӏе верта а тесна, арабевлира уьш.
– Бераш тхан буьна