Ӏосас, кеда чай а доьттина, шура а тоьхна, тӏе даьтта а диллина, дӏакховдийра цуьнга. Хортӏас, шен дерстина балдаш горгдина, тата доккхуш хӏуп аьлла, чайнах боккха къурд бира.
– Делахь а, вайна дуьйцу ма-хаззара, доккха хӏума-м дац цигахь хилларг. Кхо-диъ де хьалха йарташка напха деха бахана богӏу мутаӏеламаш Гуьмсений, Боргӏанений йуккъерчу тӏай тӏехь чӏерий леца вахана вогӏучу ӏумхан-Юьртарчу шина гӏалгӏазкхичунна дуьхьалнисбелла хилла. Мутаӏеламаш, цхьаъ воцург, цӏуьхӏарш хилла, кху шарахь дуьххьара хьуьжаре баьхкина. Хӏорш шайна тӏенисбелча, цкъа хьалха, хӏорш сийсазбеш, йаппарш йина, тӏаккха, кхин хӏай-жуй доцуш, тӏевеанчу гӏалгӏазкхичо цхьа кӏант, кӏел ког тосуш дӏатеттина, йуьхьарвахийтина. Воккхачу мутаӏеламо куьйгаэшара, оцу берана хӏунда тоьхна ахь, хьайна лата лаахь, шех лата аьлла. Тӏаккха гӏалгӏазкхичо, цхьана буйна хӏокхуьнан шаьлтанан мукъ боьллина, вукху куьйга тӏара далийтина. Хӏара шиъ тийсалуш воллуш, шолгӏачу гӏалгӏазкхичо кертах баьккхина хьокха тоьхна тӏехьахула коьртах. Тентакваьлла мутаӏелам ша волччу голаш тӏе охьалахвелла. Коьртах оьху цӏий йуьхьа тӏехула охьадоладелча, хьалаиккхинчу цо цхьанна пхьаьрсах, вукхунна настарх шаьлта тоьхна. Тӏаккха шина гӏалгӏазкхичо орца аьлла. Карахь шаданаш, дагарш, тоьпаш йолуш хьуьнхарий, йуьртарий схьахьаьлхина гӏалгӏазкхий гича, дӏасабевдда хӏетталц кхерабелла лаьттина цӏуьхӏарш. Тӏаьхьабевллачу гӏалгӏазкхаша кара мел кхаьчначунна йиттина. Масех топ кхоьссина берашна, цхьадика, цхьанне а кхетта йац. Корта бойна мутаӏелам вала воллуш ӏуьллу, веа кӏентан пӏендарш кегдина. Цхьана гӏалгӏазкхичун чов луьра йу, важа дӏалелаш ву, боху.
И тайпа девнаш къаьсттина дукха хуьлура Соьлжа-Гӏаларчу базарахь. Гондӏара йарташкарчу нохчаша кхуза базара кхоьхьура шайн йалта, хасстоьмаш, стоьмаш. И ца тара гондӏара станицашкарчу гӏалгӏазкхашний, гӏаларчу совдегаршний. Вуьшта а вовшашка безам боцчу нохчийн а, гӏалгӏазкхийн а вовшашца дов ца долуш цхьа а базаран де ца туьлура. Дӏайаханчу гурахь Соьлжа-Гӏала базара ваханчу Шахьбина хьалхха ишттачех цхьа дов доладелира, даим а санна, цхьа пайда боцчу хӏуманна тӏехула. Цхьана нохчочо ша дохка деана дечиг хийцинера гӏалгӏазкхичун хорбазех…
1. Лахара Мутаӏеламаш