Хорбазаш ах вордан тӏехь, вуьш лаьттахь ӏохкура. Гӏалгӏазкхичун ворданара хорбазаш шечунна тӏе а йехкина, лаьттарниш тӏейотта волавеллачу нохчочунна бетах буй туьйхира гӏалгӏазкхичо. Уллохь лаьттачу нохчочо буй балийтира гӏалгӏазкхичунна. Тӏаккха шаьлтанаш йаьхна схьахьаьлхира базарахь болу шина а къомах нах. Буйнаш, гӏожмаш, кара мел йеанарг вовшашна йетташ, уьйриг хилла хьаьрчира уьш. Вер-ваккхар ца хуьлуш дӏадирзира и дов, полиций, цига нисвелла полковник Чермоеввий йукъа а воьлла.
– Хьай, Делан мостагӏий, йаӏ! Дала хьукма долда царна!
– Ткъа и шун бераш-м ца хилла цаьрца?
– Хиллера, дера, уьш-м.
– Зен-зулам доцуш дисний?
– Жимма буй-тӏара-м кхетта, кхин чов йац.
– Мел-йаӏ! Хила-м гӏеххьа болх хиллера хьуна!
Оьгӏазвахана Хортӏа Шахьбига дӏахьаьжира. Меха йохка ирйеш санна, шен сирачу мекхийн йуьхьигаш а хьийзош, гоьла тӏе баьккхина ког а ловзош, аркъал гӏайби тӏетевжина ӏуьллура Шахьби. Халла хаалуш делакъежначу стаммийчу, хьеначу балдашна йуккъехула схьакъедара можа, баьхьанаш санна, шуьйра цергаш. Оьгӏазечу бӏаьргаш чохь дог ӏабар а, къайллаха воккхавер а гора.
– Хьо суна тӏе а ма къерза, – элира цо, цавешаш йовхарш а тоьхна. – Хьайн ши кӏант, соьга ца вала, вадийна Боргӏане вигира ахь. Мидалш-молла, хӏун, сол ӏилманна лакхаваьлла дира ахь иза? Суна хаьара, хьаьвззина хьо сайна тӏе вогӏур вуйла!
Чай довха хилар диц а делла, цӏеххьана боккха къурд бина вагийначу Хортӏина сихъиккхира. Гӏовталан кочера ветанаш дӏа а даьхна, гӏина диллинчу мекхех куьг а хьаькхна, Шахьбина тӏевирзира иза.
– Тохарлера Шахьби вац хьо хӏинца а?
– Делора ву со-м, тохарлерра Шахьби! И дац ткъа со воккхавевийриг.
– Хьалхе ду хьан воккхавер. Хи тӏе а кхачале, шарбал дӏайаьккхина бохург ду ахь лелориг. Сан шина кӏантана цӏоганах цӏулла сара ца бетта мега ахь, – Хортӏа толаме Шахьбига хьоьжура. – Сан берашна кхин цкъа а хьуьжаре гур йац, Шахьби. Зама хийцайелла. Цӏен кӏархаш буьйхина, дӏайаха шун зама. Шун жайнаша нах бийр бац сан кӏентех. Цхьа кица ду-кх, хьо тӏехиъначу ворданан ден илли ала, бохуш. Вай керстанан вордана хевшина. Со церан йир ала воллу.