райбиблиотекехь а книгаш кегош дайъира. Цуьнан болх дӏаболабелира тӏаьххьара а арахецначу Советски йоккхачу Энциклопедин ткъе итталгӏачу а, кхузткъе цхьаалгӏачу а шина тома тӏера. Царна тӏера нохчийн исторех лаьцна статьяш йешча, цуьнан шен а боккха тидам тӏебахара нохчийн халкъан историна.
Николай Кузьмича дагалаьцначу гӏуллакх тӏехь доккха гӏо дира Мария Петровнас а. Классал арахьа урокашкахь дешархошца цо йоьшура Пушкина, Лермонтовс, Толстойс йазйина произведенеш, литературни кружокехь кӏорггера довзуьйтура оцу сийлахь-баккхийчу йаздархойн Кавказца доьзна дахар а, кхолларалла а.
Цул тӏаьхьа цхьанне а цкъа а ца хезира нохчийн берашна тӏехбеттамаш беш а.
Оцу хьелашкахь тасаделира Николай Кузьмична а, Берсина а йукъахь и шатайпа доттагӏалла…
Тӏаьххьара бисина болх а теллина, дегӏана жимма йал йан дагахь дӏатевжинчу Николай Кузьмична сема наб озийра. Амма иза самаваьккхира велха волавеллачу Вовас.
– Ца оьшу тхуна дечиг, бабушка, ца оьшу! – хезара цунна уьйтӏахь хӏусамнанас цхьаьнга бен латкъамаш. – Шу дийнахь цхьа-шиъ веана ӏийча а, цхьа хӏума дара, шу-м масийтта вогӏий. Ас хӏун лур йу шуна? Бац-кх сан аьтто!
«Йуха а нохчий бу-кх, мисканаш!» – аьлла, доккха садаьккхира Николай Кузьмича. Тӏаккха, хьала а гӏеттина шен протез цӏийзош, неӏаре а вахана, арахьаьжира иза. Гихь тӏедачу дечиган кегийра маххьаш а долуш уьйтӏахь догӏанехь лаьттара ши зуда.
– Маша! Схьа чукхайкхахьа и шиъ.
Дуьхьал жоп ца луш, чуйеана Мария Петровна неӏарехь а сецна резайоцуш майрачуьнга хьаьжира.
– Хӏун дан воллу хьо, и шиъ чу а йалийна?
– Хӏун дан воллу бохург, хӏун ду? Вайн йерг цаьрца йоькъу-кх.
– Хӏан-хӏа, сан хьомениг, тоьар ду. Вай ваьш а ду халла лол бетташ хене довла гӏерташ. Тӏехула тӏе, ас оццул хала кхиийна йалх котам а лачкъийна сан цара. Сийсара тӏаьххьара йисинарг а йаьхьна.
– Оцушимма лачкъийна хьан котамаш?
– Хаац суна. Нохчаша-х лачкъиний уьш.
– Иштта долуьйту-кх стага шех гӏалат! Хьанна хаьа, нохчийн халкъана йукъахь цхьа масех йовсар йаьлла хила тарло, уьш бахьанехь дерриг халкъ махках даьккхина. Уьш бахьанехь халачу таӏзарна кӏелъэгна бехк-гуьнахь а доцу зударий, бераш, къена нах а.