Хьо а гӏерта изза дан. Цхьамма хьан котамаш йаьхьна, хӏинца хьо кхузарчу берриге нохчех бекхам эца гӏерта. Ахь йийриг нийсо йац, Машенька! Кхузахь мел дина къола оцу мискачу нохчашна тӏетоьтту. Амма цхьа нах зовкх хьоьгуш бу-кх, дерриге а царна тӏе а тоьттуш.
– Цара бен ца лачкъийна сан котамаш. Суна дика хаьа иза.
– Сан Дела, ма доккха зен дина-кх ахь тхуна! Йалх котам! Дийнна йалх котам! – гуттар беламе йуьхь а чӏачкъийна, корта хьийзабора Николай Кузьмича.
– Вела хьо. Хьо вела а мегар ду. Хьайна хьалха йиллинарг йиъчахьана волуш волу, – дегабаам бира Мария Петровнас.
– Дӏайалахьа, Машенька, йалх котам бен йуй уьш? Йалх нал йайча а хьийзар ма вац, хьо санна, бӏарзвелла. Дика лачкъайо! Мацалла бала-м ца беза уьш? Цхьа хало тӏеӏоттайелча-м, вала охьавожа ца везий, ткъа шен дахарехьа къийса деза. Хьуна баккъала а ала лаахь, сан безам бу оцу нохчашка. Хьуна хьайна а ма хаьа церан истори. Цхьана а заманахь, цкъа а ца севцца уьш боьхна. Хӏан-хӏа, Машенька, оьрсийн гӏарабевллачу прогресивни кӏенташна уьш безар эрна ца хилла! Шаьш ма-йарра ламанан аьрзунаш йу! Ткъа хӏинца, ара а йалий, чукхайкха и шиъ. Гӏиллакхехь а ма дац, и ши миска уьйтӏа, догӏане а хӏоттийна ӏар!
Шен йайна котамаш дагайаьхкича, Мария Петровнина цӏеххьана тӏейеана моха иштта сиха дӏайайра. Ша барта хӏуъу дийцахь а, дагахь кхин дара цуьнан. Цхьа диканиг дан шена дагадеача, шеначул а тӏех майрачунна изза лууш хиларо йоккхайейора иза.
Шайн гира маххьаш охьа а дехкина, хотташа йуьзна чуйеана ши зуда, халла къаьсташ маршалла а хаьттина, ийзалуш неӏарехь сецира.
– Ой, Зану, хьо йац иза? – цецваьлла, хьалагӏеттира Николай Кузьмич. – Маша, хьуна ца йевзира хӏара? Бехк ма биллалахь, Зану, хӏокхунна хьо ца йовзарна. ӏаламат хийцаделла хьан йуьхь-сибат. Машенька, кхин а цхьа гӏант хӏоттадехьа стола улло!
Хӏусамнанас стола улло хӏиттийна гӏанташ неӏарехьа а оьзна, царна тӏе охьахиъна ши зуда ийзалуш чухула дӏасахьаьжира. Муха ца ийзало, хӏокху цӏа чохь цӏена дара, ткъа и шиъ хотташа йуьзна, тӏадийна лашкайаьлла йара. Царна и шиъ жерга хетахь? Ца хетийла а дац. Довхачу цӏа чохь малйеллачу мачашна тӏера, даьтта санна, лелина цӏун, кегийра ӏаьмнаш