Дуьххьара карийначу жимчу бурако дог-ойла гӏаттийра цуьнан. Нехаш кегор-м эрна хир дац! Таханенна десте ӏеххол хӏума карайахьара. Кхана цхьа гӏайгӏа бийр бара цо. Ши жӏаьнк! Копастанан дог! Хӏан-хӏа, хӏара болх иштта каде хилахь, церан хӏусамехь масех дийнахь йаа хӏума хир йу!
Цхьа-ши сахьт далале, Мусан тӏоьрмиг йуьккъелц буьзира. Амма, шена карийначу хӏонсах бӏаьрмециг вуьйлуш, цо кхин дӏа а кегайора нехаш. Хӏан-хӏа, кхин карийча, цуьнга йахьалур йац. Тоийта деза. Кхана йуха а вогӏур ву иза. Амма хӏара меттиг къайлехь латто йеза. Нагахь цхьанна хаалахь, адамаш гӏертар ду кхуза. Тӏаккха цара цхьана дийнахь къажбийр бу хӏара баьрзнаш.
Муса кхийринарг хила а хилира. Иза мел къайлехь латто гӏертарх нахана хиира цо и беркат мичхьара кхоьхьу. Кхо де далале наха иссаза тӏекӏелдехира и баьрзнаш. Церан доьзал йуха а меца бисира. Хӏинца, къола ца дича, кхин некъ бацара кӏелхьарвала.
– Дада, вай иштта мацалла дала ӏийна девр дуй-те? – элира цо цхьана суьйранна шен дега.
– Ца ӏийна хӏун дийр ду вай… Со къена ву, хьо жима ву. Болх Далла тӏе а биллина, совцур вай. Рицкъанаш Делехь ду, – суьлхьанаш хьийзочуьра йукъах а ца волуш, жоп делира цо.
– Наха, къоладой а, шайна рицкъа лоху. Изза дийр ду ас а.
Ден керара суьлхьанаш охьадийгира.
– Хӏун элира ахь? – тевжина ӏачуьра охьахиира иза. – Къола? Хьанна дан воллура хьо къола? Хьо хьера-м ца ваьлла?
Дена тӏейеана моха сихха дӏайелира, кӏант шена дуьхьал вист ца хилча.
– Варийлахь, Муса, кхин цкъа а хьайна дага ма даийталахь иза. Къоладар дика гӏуллакх дац. Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн гӏиллакхехь а оьзда дац иза. Хьо хьенан хӏун лачкъо воллура? Кхузара бахархой а ма бу шайна дита а, вайна дала а доцуш. Шаьш оццул хала бохккушехь, шайн долчух вайна дакъа дан а гӏерта. Эхь ма дара вайна, оццул дикачу оцу адамийн рицкъанна тӏе къайлах куьг кховдийча.
– Ас неханиг лачкъор йац, ткъа колхозниг лачкъор йу…, – халла къаьсташ вистхилира Муса.
– Цуьнан хӏун башхо йу? Колхоз а, пачхьалкх а адамийн йу. Дерриге а ду адамийн къинхьегамца ӏаӏийна. Тӏехула тӏе, колхозо а, пачхьалкхо а до вайна гӏо. Колхозо лучух хене ца девлла вай дӏайаханчу аьхка а, гурахь а? Варийлахь, мегар дац хьуна.