Тӏехь дола дан да-нана доцчара хӏуъа леладарх, иза хаза ду ма мотталахь. Иэхь ду хьуна иза. Вай кхоъ бен дац, башха, мацделча, делха бераш дац. Хӏинцца бӏаьсте тӏейогӏур йу, тӏаккха нитташ, хохаш гучубевр бу.
Хьовзийна чекхдаьхна суьлхьанаш, хьарча а дина, гӏовталан кисана а таӏийна, тӏаккха дехха доӏа а дина, йуха а цунна тӏевирзира да.
– Дагадогӏий хьуна, кӏант, хьо доьшуш волуш, буьйсанна ахь суна дӏайаханчу паччахьан заманахь адамашкахь, къаьмнашкахь латтийначу ӏазапах лаьцна, революцис вайн махкахь советан ӏедал хӏотторах лаьцна кинижкаш тӏера хабарш дийцина? – хаьттира цо Мусага.
Дагадогӏу дера-кх. Цхьа-ши шо хьалха ма дара иза. Цкъа иза «Чрезвычайный комиссар» йоьшуш волуш дена гира цунна тӏехь нохчийн суьрташ. Цо дийхира и книга шена хозуьйтуш йешар. Ши бӏаьрг хьаббой, меллаша суьлхьанаш а хьийзош, вист ца хуьлуш, резахуьлий, наггахь корта а таӏош, леррина ладоьгӏуш ӏара иза.
Цкъа Муса, кӏадвелла, сецча, цо дийцира шаьш, нохчийн къехоша, советан ӏедалехьа къийсам латторах, шена цкъа Орджоникидзе гарах лаьцна, кхин, кхин дуккха а.
– Ткъех шо хьалха, йокъанаш хилла мацалла хӏоьттира Украинехь. Мацаллех бевдда, хене бовла рицкъа лоьхуш, вайн махка баьржира Украинера, Кубанера дуккха а нах. Божарий, зударий, бераш. Доьзалшца цхьаьна. Меца, берзина. Нохчийчохь ца хӏоьттинера мацалла. Лаьмнашкахь ӏалашбеллера бахам. Цундела гӏертара уьш цига. Амма сов сискал йолуш нохчий а бацара. Хӏинца тӏедаьхкинчу вайгахь а, кху бухахь долчу къомехь а долу хьал хӏоьттинера Нохчийчохь. Бакъду, вай кхуза дукха далийна. Вайна тӏебаьхкина гӏалгӏазкхий кӏезиг бара. Уьш вайна тӏе шайн лаамехь баьхкинера, ткъа вай –нуьцкъах схьадалийна. Со хӏун ала гӏерта аьлча, оццул шаьш гӏаддайна болушшехь, цкъа а, цхьаммо а нехан хӏуманна тӏе куьг ца кховдийра цара. Лачкъа а ца йора, йеха а ца йоьхура. Цара болх бора. Къахетара мисканех. Меца, дерзина бераш гича, дог дешара. Дуьххьалдӏа йуучух болх бора цара.