кхоьссина, чувахара иза. Цхьана масех секундехь неӏарехь соцунгӏа а хилла, неӏарх пӏелгийн голаш туьйхира цо. Чуьра схьа оьгӏазе аз хезча, меллаша чу а ваьлла, маршалла а делла, неӏарехь ирахь сецира.
Нохчочун маршаллина дуьхьал жоп ца луш, кехаташ кегош, вехха ӏийра комендант. Тӏаккха шен цӏен ши бӏаьрг цунна тӏебуьйгӏира цо.
Хьалха а таьӏна, гонаш севсина цӏен ши бӏаьрг цуьнан дегӏа тӏехула а кхарстийна, цхьана йукъана нохчочун чолакхчу пхьаьрса тӏехь сецира.
– Покровкера вуй хьо?
– Ву.
– Наибов Асвад вуй хьо?
– Ву.
Стоьлан гӏутакх схьа а оьзна, оцу чуьра схьаэцна, нохчочуьнга дӏагайтира коменданто цхьа кехат
– Хӏара кехат девзий хьуна?
– Девза. Хьалха хиллачу коменданто даьккхина соьгара иза.
– Хаьа. Тхоьца болх бан тӏелоцуш, ахь делла расписка ду хӏара. Покровкехь а, районерчу кхечу йарташкахь бехачу нохчийн а дагахь дерг а, лелориг а тхоьга схьадийца тӏелаьцна. Цул сов кхин декхар дуьллу хьуна тӏе. Шаьш долчуьра оьрсех, киргизех, узбекех, кхечу къаьмнех болчу нахера ӏедална дуьхьал даьлла дош, гӏуллакх а тхоьга дийцар. Кхийтин хьо?
– Кхийти.
Дӏакхевдина, сейфа чуьра цхьа папка схьа а эцна, куьзганаш доьхкина, оцу йукъара цхьа-ши кехат деша вуьйлира Кривошеев.
«Аьстамиров ӏабдул-ӏаьзам. 1877 шарахь вина. Граждански тӏом болуш Советан ӏедалехьа тӏом бина. Нохчийчохь Советан ӏедал хӏоттош йуьхьанца жигара дакъалаьцна. Амма тӏаьхьа контрреволюцин элементашца уьйр йолуш хилла. Хьуьжарехь дешна ву. ӏаьрбийн мотт хаьа. Ша-шеца болх беш, бусалба динан ӏилманан шуьйра хаарш долуш ву. 1932 шеран мартехь Нохчийчохь Советан ӏедална дуьхьал хиллачу гӏаттамехь дакъа ца лаьцна цо, амма оцу гӏаттаман дакъалацархошца гергарлонаш, доттагӏаллаш долуш хилла. 1933 шеран февралехь РСФСР-н УК-н 58-чу статьяца бехкевина, лаьцна, бархӏ шо хан йаьккхина, 1941 шеран февралехь лагершкара дӏахецна…»