Шен халкъ махках даьккхинчул тӏаьхьа партина а, советски ӏедална а хамталла йеш дош а, гӏуллакх а ца даьлла цуьнгара. Амма цуьнан дагахь латтош къайленаш хиларан шеко йац. 1945 шеран аьхка цхьана тӏамехь луьра чевнаш хилла, йеххачу хенахь госпиталехь ӏиллинчул тӏаьхьа, тӏамехь гӏуллакхдарх мукъаваьккхина…»
– Покровкехь вехаш ӏабдул-ӏаьзам а, ӏалха а цӏераш йолуш шиъ стаг вуй?
– Ву.
– Уьш муха нах бу?
– Хаац. Уьш ший а тхан эвлара вац. Тӏе, ӏалха тӏамера цӏа веана дукха хан а йац.
Комендантан хьаьжа йуккъе шад хӏоьттира.
– Уьш бовза беза хьуна. И воккха стаг молла вуй?
– Хаац суна. Йуьртахь белларш дӏа-м бухку цо.
– И «хаац» боху дош дицделахь таханчул тӏаьхьа. Со Чалий ца хилар а ма дицде. Оцу шина стага дӏа мел олучу дашна а, дӏа мел боккхучу когана а тӏехь тидам латтор бу ахь. ӏаьрбийн маттахь дешний ахь?
– Сан хенарчу массара санна, цхьана-шина шарахь дешна ас а.
– Молла-м вац хьо?
– Вац. Молла хила итт-пхийтта шарахь деша деза.
– Хӏинца буй шун иштта лакхара дешна молланаш?
– Бац. Цхьа наггахь бен.
– Кху районехь вуй цхьа а?
– Хаац. Берриш бовза кхиъна вац со.
– Хьуна бевзарш?
– Хааршна сол дукха гена ца бевлла.
– Далла гӏуллакх дой ахь?
– Дукха хан йу ца де.
– Хӏунда?
– ӏедало дехкарна а, со башха кӏорггера бусалба цахиларна а.
Нохчочо дуьйцучух цавашара а хаац, йа реза хилла дара а хаац, комендантан балдаш раздовлуш делакъежира.
– Тахана дуьйна дӏа хийцавала веза хьо. ӏедалера маьрша ву хьо бусалба динца йолчу агӏонна. Делаца йолу хьайн йукъаметтиг чӏагӏйан йеза ахь. Даррехь Далла гӏуллакх а де. Хьайн бусалба динан хаарш шардан а, лакхадаха а лаьа бохуш, хӏокху районерчу масех моллица гергарло а таса. Цаьрца а, кхечу цхьа масех стагаца а цхьаьнакхетча, ӏедална а, Сталинна а ле. Массаьрца а кӏеда-мерза хила. Массеран а хьайх тешам бахийта. Нохчашна гӏоьнна пачхьалкхо ахча къастийна. Хӏор а доьзална цхьацца бежана нисдан сацам а бу. Луш йолу продукт а жимма алсамйаьккхина. Покровкерчу нохчашна уьш дӏайала хьо чӏагӏвина.
– Баркалла, Иван Харитонович…
– Дӏабаханчу баттахь ахча деллий хьуна кхузахь?
– Ца оьшура иза-м…
Ша ахчанан ведомость кечйеш, Кривошеевна дагайеара кху чохь цхьа кӏира хьалха хилла инцидент.