ларош стаг вацара, Колхозехь собрани хуьлуш, ударник ву бохуш, даим стоьла улло хьаькамашна йуккъе охьахаавора иза. Цул сов, хӏара ӏедал доккхучу хенахь Микли-паччахьна дуьхьал тӏом беш масех чов а хиллера цунна. Хӏинца а сайна гуш санна хета суна, ворхӏ-бархӏ шо хьалха депутаташ хоржучу дийнахь йуьртахь дуьххьара йаьшки чу тосу кхаж цуьнга тасийтар. Хӏинца шен коьртахь болчу куйнаца, исхаран чоица, цунна чухула йуьйхина атлазан гӏовтал, йукъах йихкина детица кхелина шаьлта. Оццул нисвелла, хазачу цуьнан ӏожалла кхерстачу жӏаьлин санна хили. Тӏехь деша-м хьовха, аттала къилбехьа верзо стаг ца хилла уллохь. Охӏхӏай, Дела, хьан болх бу-кх! Хаац-кх, вайн ӏожалла муха хир а, вайна латта мичахь доьгӏна а…
– Пекъар, стенга воьдуш хилла-те иза?
– Стенга воьдуш хилла хир вара иза? Цхьа эшам бац ткъа вай дерриге а арадаьхнарг! Кхалла хӏума лаха вахана хилла хир ву-кх! Веза Дела, хьуна дика хаьа хир ду-кх. Кӏадйелла, настаршна чохь са ца дисина сан-м. Каррехь йегайо-кх. Жимма йал йей вайша?
Зану реза хиларе а ца хьоьжуш, гира махьаца цхьаьна тӏуьначу лаьтта охьахиира Хелипат.
– Тамашийна стаг йу-кх хьо, Хелипат. Хьан амалех цецйолу-кх, со, –элира Занус ша, охьа а хиъна, паргӏатйаьлча.
– Хӏунда бах ахь?
– Даима нахах доглозуш, царна маслаӏат дан гӏерташ хуьлу хьо, ткъа хьайгарчу баланех лаьцна цхьа дош а ца олу. Са чӏогӏа стаг йу хьо. Велла ӏуьллу и воккхастаг гича, со йелхаза ца ӏейели, ткъа хьан бӏаьргех хин тӏадам а ца белира…
Хелипат цхьа гӏайгӏане йелайелира.
– Эхӏей, диканиг, дера, дукха ма йилхина. Ма дукха йилхина-кх. Дукха йелхарна, бӏаьргаш чохь хи ца дисина. Дог доьлху, ткъа бӏаьргех хи ца долу. Ас хьаьнга балхор бара сайгара бала? Хьанна оьшу сан балхамаш, цӏийзар? Мила ву цхьа бала кийрахь боцуш, Дала делла ӏеш? Цхьа а вац, Зану. Къанйелла со хӏинца, мел йаьхча а, дукха йехар йац. Хала делахь а, ӏожалло дӏайиггалц садеттар ду ас…