Хӏусамдеца кхуза йалийра. Тӏамехь йаьккхина цхьа ност йоцуш вара иза. Ас эша хӏума-м ца дитира цунна… Кху аьхка кхелхина иза…
Логе гӏертачу йелхаран къурдаша садукъдинчу Занус шен къамел сацийра.
– Хаьа суна, Зану. Вевзара суна иза. Аьтту ност йоцуш, озо йеха йуьхь-марш йолуш, ӏаьржачу аматехь, хьийзина ӏаьржа корта а болуш безамехь жима стаг. Некха тӏехь ордалш а хуьлура цуьнан.
– Тӏамехь хьуьнар гайтарна йеллера цунна уьш. Цхьаъ ордал йара, шиъ мидал йара. Жима пӏаьлдаг бина, кучана чухула коча а тесна, йиллина дӏа сайн дегӏаца лелош йу сан уьш. Ткъа сайн нахах хилларг хаац суна вай арадаьхначу дийнахь дуьйна.
Бӏаьргаш буьззина чухӏиттина бӏаьрхиш, тӏех а даьхкина, татолашца беснешна тӏехула охьахьаьлхира Занун. Шен коьрта тиллинчу тишачу йовлакхца хиш дӏа а хьоькхуш, кийрахь йоьлхура иза.
– Дера, хаац суна-м, Зану, хӏун дийр ду. Цхьа Делан болх бу-кх хӏара. Дала динчунна реза а хилла ӏийча, хьегнарг цхьа йал йоцуш довр дац хир ду вайн. Дависарг, ӏовдалш хили вай-м. Махкахдахар гӏалат ду, нийса дац, цунах кхеттачу ӏедало йуха цӏадерзор ду бохуш, колхозо ваьшна деллачу лаьтта тӏе стохка бӏаьста йалташ ца дийра. Цундела кху бухахь долчу къоманачул хьалха мацалла хӏоьттина вайга. Вай, схьа ма-кхеччи, дерриге балха а девллехь, вайна къастийначу латтанаш тӏе йалташ а дийнехь, кху хьолехь ца хила а мегара…
– Ма дийцахьа, Хелипат, – элира Занус, доккха са а даьккхина. – Дукха бехк а бацара нехан. Тахана-кхана цӏа доьрзу бохуш, кху махках дог ца леташ ӏийра-кх. Хӏинца а ву массо шаьш Даймахка йухадерза кхана новкъа девр ду моьттуш. Со а, хьо а теша цунах. Вайна иза дагара баьлла минот йац, аттала гӏенах а. Ткъа масазза кечйелла со новкъа йала, сайн миска къелгаш[1 - Къелгаш – кӏеззиг бен йоцу тиша хӏуманаш] дӏа а хьарчийна? Мацца а цкъа со новкъа йалахь, баа хир бу бохуш, дӏабиллина латтош ши кийла мекхан цу бу сан… Латта-м ца дийра. Цкъа-делахь, вай дӏагӏур ду моьттура, шолгӏа-делахь, кхузара латта вайн махкараниг санна лелош дац. Кхузара латта лело говзалла ма йеза.
Новкъарчу тӏулгах ког тасабелла, галйаьлла Хелипат, дӏакхоссайелла, бердан басех куьг гӏортийна, охьа ца кхеташ йисира.