Цунах бӏаьрг кхетча, сапаргӏатделира ӏабдул-ӏаьзаман.
– Ассалам ӏалайкум, ӏабдулла-акхсакхал! – генара мохь а тоьхна, тӏевеанчу цо шина а куьйга ӏабдул-ӏаьзаман куьг лецира. – Шу догӏанехь ма лаьтта? Сингаттам болуш хӏума-м ца хилла?
– Керла сингаттам бац, Сарыбай, ша даим берриг бен.
– Кӏант хӏун деш ву? Дукха хан йу иза суна ганза.
– Дика ву. Ткъа хьан йоккха стаг йуй могаш? Кӏентан кехат деаний?
– Каьмпар[4 - Каьмпар – гӏиргӏазаша йоккхачу стагах олу] а могаш йу, кӏентан кехат а деана. Хӏинца цкъа дийна ву иза. Кестта, тӏом чекх а баьккхина, цӏа вогӏур ву ша, боху. – Сарыбайс, дӏаса а хьаьжна, доккха садаьккхира. – Акхсакхал, хьо дукха сиха вацахь, хьоьца жимма гӏуллакх ма дара сан.
– Схьадийцал.
– Зударий болуш дийца ца лаьара суна.
Ши стаг йуьстахвелира.
– ӏабдулла-акхсакхал, суна жимма халахетар хилла. Кхо уьстагӏ байна сан цӏера. Хьуна ма-хаъара, со буьйсанна наггахь бен цӏахь хуьлуш а вац, уьш лачкъош шена хиъча а, каьмпар арайала а йаьхьар йац. Ас хӏун дан деза, акхсакхал? Тӏаьххьара болу кхо уьстагӏ а лачкъийна, витина-кх со.
– Нохчех дегабаам бу хьан?
– Бу, дера, муха ца хуьлу, тӏаьххьара ӏахар лачкъийна къу суна сайн шина бӏаьргана гина хилча.
ӏабдул-ӏаьзаман йуьхьах цӏе летира. «Веза Дела, ма йоккха йуьхьӏаьржо йу-к хӏара! – бохура цо ша-шега. – Ма дукха гӏиртира-кх со гӏуллакх кху хьола тӏе ца далийта. Нах ца бала гӏерта, хьокхарна хьалха со йуьхьӏаьржа хӏуьтту!»
– Мила ву къу?
– Хӏара сан лулахо Решед цӏе йолу кӏант ву-кх.
– Бакъ хир дац иза! Решед жима ма ву.
Сарыбайс дегабаам бира.
– Хӏета, со харц луьйриг ву-кх. Жима ву! Ас къоланна тӏехь схьалаьцначу минотехь хьайна иза гинехь, эр дацара ахь иштта. ӏахар схьа ца бала, ша вала а, со вен а кийча-м дера вара! Делхьа, шен жималла хӏуъу дан а эхь ма дац кхунна аьлла, хийтира суна. Ткъа, вуьшта а халла ирахь лелачу кхунна адамо тухур а ма йац, кхана акхсакхалца дуьйцур ас аьлла, ӏахарца дӏавахийтира ас.
– Валол, хӏета, чу а гӏой, хьажий вайша.