Цуьнга хьаьжна ӏабдул-ӏаьзам гӏаддайна велавелира. Дан а дара сурт беламе. Товхана хьекхийча санна, кӏуьрзаша ӏаржйина оза йуьхь, буьйсанна бодашкахь цициган бӏаьргашка тера оцу тӏехь, кӏегий санна, богу ши бӏаьрг, баьлла тхонкех[5 - Тхонка – хӏинцца лергинчу уьстагӏан тӏаргӏа] тарбелла корта. Цуьнан дегӏехь ницкъ бацара шел жимачу берана дуьхьало йан а, амма иза воккхачу шина стагах лата кечвеллера.
– Дика мел дерг догӏийла шуьга, Решед! – вистхилира ӏабдул-ӏаьзам.
Тӏаьхьа чу ваьлла Сарыбай бен, ӏабдул-ӏаьзам гуш а воцчу кӏентан карара урс лаьтта охьадуьйжира, воккхачу стеган девза аз хезча. Амма хаьттинчу маршаллина дуьхьал цо жоп ца делира.
ӏабдул-ӏаьзам чухула дӏасахьаьжира.
Корах чу гӏийла серло кхетта бодане цӏа. Шардеш хьахаза, кӏуьро ӏарждина шога пенаш. Цӏенкъа даржийначу матардоьллачу чана тӏетесначу истанга тӏехь, цхьа шо хьалха цӏена хиллачу, амма хӏинца боьхачу йургӏанех хьирчина, моггӏара дийшина ӏохку бераш. Товханахь йогучу алу тӏехь овкъарех йуьзна ӏохку жижиган цуьргаш.
– Бераш цомгаш-м дац? – хаьттира ӏабдул-ӏаьзама.
– Дац.
– Жижиг доттуш ца хилла хьо? Хӏара мичара даьлла хьуна?
Решедан корта охьабахара. Хӏинца хӏун дан деза? Кхин стаг хилча-м аьшпаш боьттина а, валлалц дуьхьало йина а, къар ца луш кӏелхьарвала гӏоьртур вара, ткъа ӏабдул-ӏаьзаме харцдерг дуьйцийла ма йац. Тӏехула тӏе, Сарыбайс схьа ма лаьцна иза ӏахар тилош. Хӏун дан деза? Веза Дела, цаьршинна хаахьара, цо шен дуьхьа иза ца лачкъинийла! Цуьнан шен дейтта шо бен дац. Ткъа кху чохь ӏуьллу цуьнан кхо йиша а, ши ваша а цул жима ду. Уьш меца дара, цара йуург йоьхура. Церан да хӏорш цӏера бохучу дийнахь вийна, ткъа нана ши бутт хьалха кхелхина. Ша тӏаьххьара са дӏалуш, берийн доладар доьхуш, нанас весет дина Решеде. Ненан весет кхочуш а ца деш, цунна дуьхьал эхарта гӏойла ма дац цуьнан. Ткъа иза нанна дуьхьалхӏотта а ца йисина дукха хан. Хӏан-хӏа, сийсара цо ӏахар дӏалур бацара, шен дегӏах дакъа ца дича. И хиира Сарыбайна. Цундела дӏавахара Сарыбай. Амма… амма хӏунда веана ӏабдул-ӏаьзам цунна хьалха а ваьлла? Иза-х хьекъал долуш стаг ву.