Нохчийн куйно
ТӀетиллале хьалха хотту:
«Ше́н бозалла
Ла́лур дуй-те́ хьоьга, хӀай?
Ма моьттийла
Хьу́на, хир бу лело атта,
КӀе́да хиларх,
Хиларх пиллаг санна байн.
Куй тӀетуьллу
Корта ла́ца, ворта йа́цахь,
Хаьий хьу́на,
Хийла да́ сох кхаьрдар вуй?
Нагахь куйнан
До́ладан хьо къонах ва́цахь,
Куьг ца Ӏуттуш,
Биталахь ша́ болччохь куй…»