Хала кхиира со цхьана нехан кетӏахь доллучу стоммачу комар диттана тӏехьаиккхина хьулвалан. Суна-м сайн дахарехь ца гинера иштта жимчу стага йоӏаца къамел деш. Иштта аьлча а нийса хира дац иза, суна-м ца гинера цкъа а захло дуьйцуш, бегашенна а. И муха дуьйцу а цхьана тайпа кхетам бацара сан. Амма сан дегбаамах дуьзинчу даго-м хьоьхура суна захло иштта деррехь, оьздангаллан бух боцуш ца дуьйцийла. «Шинне йуккъехь иккхина суй, муха боккху нахала, оцу суйнах и сийна цӏе йаьлла латтахь а! Сан хьекъал ца кхуьура, оцунна тӏехьа, кхетара новкъа йуккъе хӏоьттина жа санна цӏехьахахкабелла богӏу дешархошна йуккъе а хӏоьттина кхиана йогӏучу саргӏано санна мохьтоьхна муха дуьйцу шинне къайле хилан деза и мерза дешнаш. Йоӏана-м чӏогӏа новкъа хилан деза иштта дешнаш. Малижас-м бехк баккхан беза оцу эхь дайначу кӏантстагах», — ойла хьаьвзи-ра сан цӏий коьрте хьаьдда богучу коьрте. Амма сайна хезначух цец валан дийзира сан кестта.
— Ишкола чекхйаккха дагахь вац хьо? — шега дуьйцучу къамелах билггал самукъадолуш къежира сан «хьомениг».
— Ой, ишкола-м чекхйоккхур йу вайшимма. Амма, кхин дӏа-м сатохалур долуш дац-кх хӏара сан безамах доьттина дазделла жима дог. Хьуна муха хета и? Цхьа а институташ-минституташ йуьцура йац вай.
— Трактортӏе балха вагӏан-м ца воллу хьо? — кӏелдӏашкахула малхадуьхьала санна кӏанте хьаьжира Малижа, тӏаккха — шен накъосташка Зараига, Губанига.
— Ой, вац дера со-м тракторан тӏе а, вордана тӏе а балха хӏуттур волуш. Заочно-о! — йоӏ шен къайленах кхетийра ӏумарс.
— Тхан да-м ву трактор тӏехь болх беш. Цунах ца вашар-м дац хьан и? — дегбаам бен кеп хӏоттийра Бусана цӏе йолчу тӏехьо схьагӏертачу ворхӏалгӏа классерачу йоӏа.
— Шун да-м, Бусана, тхан ден вешин доттагӏ ма ву. Иза-м цхьа борз йу. Вац дера со-м цунах цавешаш, иза-м шен бежнаш кхобуш дика воллуш ву. Со ву-кх чӏогӏа йурист хилан дог долуш. Тӏехула тӏе, со дешна валален шайолу трактораш йуккъера дӏайевра йу, — шен лулахо-йоӏ дӏатейира ӏумарс.
— ӏума, тракторш йуккъера дӏайевлича церан метта болх хьан бийр бу ткъа? — хаьттира Бусанас шен дегбаам чекхбаьллий хоийтуш, ша жима йолуш дуьйна ма йаккхар ӏумаран цӏе а йоккхуш.