— Бусашка, хӏинцлерчу тракторийн метта робот-тракторш хира йу, программашца шаьш болх а беш. Со захло дуьйцуш воллуш новкъарло ма йехьа суна, — йоӏ хьостуш дехар дира ӏумарас шен лулхочунга.
— Хьох-м прокурор хуьлу, ткъа сан ойла йин ахьа? — ша ӏумаран хӏусамнана хиллайаьлча санна хоьттура Малижас.
Со муха воьду а ца кхеташ, дешархошна йуккъахь хьулвелла жимма тӏехьо вуьсуш тӏехьавоьдура со а. Хӏумма а нахах къевле йина доцу ӏумаран къамел-м берриге а урамехь хезаш дара. Цо-м хаъал дозалла деш кест-кестта шен коча сирла-сийна бӏаьрг а таӏабора улло схьагӏертачу накъосте Майрбеке. Хьалххе барт бича санна, Майрбека а тӏетадора ӏумаран дешнаш:
— Дера, Малижа, хӏара-м цхьа бож йу хьуна. ӏуьргара лаьхьа а боккхурболуш ву. Хӏокхо бохург ахьа ца дахь йелла дӏайаллалца дохко йаьлла лелар йу хьо!
— Эшшай! Ахьа тӏетадича-м ца теашара со, — къежира Малижа.
— Хьо теша-м ма теша, сан дош-м къонахчун дош ду хьуна, йоӏ! — ша хастон ца дицдира Майрбекас.
ӏумаран цӏенна тӏекхечира дешархойн тобанаш оцу йукъана. Амма ӏумар шайн дика товш цӏен кибарчигах динчу цӏено агӏора ког а ца баьккхира. Цхьа пайда ца оьцуш-м ца ӏийра иза шайн цӏенох а.
— Хьажал, Малижа, и дӏо сехьара йоккха ши чоь вайшинна хир йолуш йу-кх. Малхана агӏо, сирла агӏо йу-кх вайна дадас схьалура йолуш, лекха тӏулгех бухбоьттинчу цӏенойх дозалла дира цо.