Ша-ша вай кӏезиг а,
гӏорасиз а ду,
ткъа бертахь катохахь,
лам ластор бу.
К. Хетагуров
Хӏара берриг а бохамаш буьйлабелира, докъан пхьор хиларшна, Инарлин говрашна тӏехула. Буьйсанна дӏахоьцу уьш Хьомсуркъин стундех дисинчу жимачу ирзо тӏерачу хьаьжкӏашна йукъайоьлхура. Цара цу йукъахь хӏоттийнарг дийр дацара хьакхарчаша а. Цкъа а, шозза а, кхузза а элира Хьомсуркъас оцу Инарле, и говраш ма лехка цига, шен йан а йоцу хьаьжкӏаш хӏаллакйо цара. Амма Инарла дуьхьал жоп дала а ца вешира. Тӏаккха, цхьана ӏуьйранна лехча, Инарлин йиъ говр ца карийра. Йахана меттиг а ца хууш, лар а ца карош, тӏепаза йайра уьш. Хьомсуркъас уьш къайлайаьхнийла хаьара Инарлина, иза бехке а вина, даррехь ӏедале дӏавала ца ваьхьара. Къайлах барт а бина, стражникашца Гати-Юьрта пурстоп Хамов валийра цо.
Герз лаха цӏийнах хьовсу аьлла, бахьана а хӏоттийна, талораш дан буьйлира салтий. Иза уггар хьалха Хьомсуркъина тӏера дӏадолийра. Шен йоӏаца забар йан гӏоьртина салти, цуьнгара герз схьа а даьккхина, гӏибаваллалц йиттина охьа а виллина, ведда йуьртара дӏавахара Хьомсуркъа.
Пурстоп оьгӏазвахана а, дог доьхна а дӏавахара Гати-Юьртара. Хӏетахь кхуза вогӏуш, цо чӏагӏо йинера, Хьомсуркъа а, Овхьад а, Солта а, лаьцна, букъа тӏехьа куьйгаш а дихкина, дӏавига. Тӏаьххьара шиъ хӏара кхуза кхачале йуьртара араваьллера, ткъа Хьомсуркъа, хӏокхуьнан мера кӏел салтичунна гӏибаваллалц йетта а йиттина, цуьнан герзаца ведда ваханера. Цӏийнах хьаьжча, карийнарш а хӏун йу? Итт патармица цхьа берданга а, мокхазан кхо топ а, тиша бархӏ шаьлта а, ши тур а. Бердангин да лаьцна Ведана дӏавигира Хамовс. Амма округан начальникана подполковникана Ханжаловна цунах кхачо ца хилира. Теза-маьттаза дешнаш ца кхоош, Хамовна барт биттира оцу хьожа йогӏучу суьйличо. Тӏе, Гати-Юьртара хӏара йухавирзича, Саьмби-Кӏотарарчу бахархоша тӏулгаш а кхийсира хӏокхуьнан отрядана тӏе. Царах цхьаъ пханарх кхетта, масех дийнахь букъ лезира Хамовн. Бакъду, оцу кӏотарара лаьцна вигна виъ стаг набахти-м кхоьссира цо.
Карзахечу Гати-Юьртана таӏзар дарехь доггаха гӏуллакх цадарна а, кхузара коьрта кхо бунтовщик кӏелхьарвалийтарна а Хамовна дӏахьедар а дина, и гӏуллакх шен кара ийцира Ханжаловс. Стомара Гати-Юьрта веанчу Хамовс, нах майдана а гулбина, царна дийшира Ханжаловн омра.