«Цуьнан Воккхаллина, йерриг Россин… императора, цуьнан цӏенна дуьхьал, цуьнан ӏедална, цо хӏоттийнчу къепена дуьхьал гӏеттинчу Гати-Юьртана тӏедожадо:
§1.
Нийсса итт де далале 100 топ а, царна 2000 патарма а, 500 шаьлта а, 50 тур а Ведана гӏопе охьадиллар.
§2.
Схьайалаза йисинчу хӏора тоьпа тӏера 50 сом, тур-шаьлтанна тӏера 10 сом, патарми тӏера 50 кепек ахча охьадиллар.
§3.
Герз схьаделлачул тӏаьхьа цӏийнах хьаьвсича, нагахь санна кертахь йа карахь герз карадахь, иза дӏадаккхарал совнаха, бехкечуьнгара хӏара гӏуда даккха:
3-линейки тоьпана – 300 сом,
японски тоьпана – 200 сом,
бердангина – 100 сом,
мокхазан тоьпана – 50 сом,
тапчина – 50 сом,
тур-шаьлтанна – 20 сом,
патармина – 50 кепекана тӏера 3 соьме кхаччалц.
§4.
Йуьртана тӏехь долу 5104 сом – пачхьалкхан а, ӏедалан а декхар – итт де далале охьадиллар.
§5.
Йурт ӏедална дуьхьалйохуш, зуламе питанаш лелош волу Хортаев Овхьад, Солтханов Солта, Сулиманов Хьомсуркъа, лаьцна, ӏедале схьавалар.
§6.
Тоьхначу хенахь хӏара омра дуьззина кхочуш ца дахь, Гати-Юьртана луьра таӏзар дан.
Гати-Юьртахь хиллачу оцу хьовр-зӏовро Соьлжа-Гӏала базара валийна Янаркъа, ша деанчу пхеа вертанах диъ бархӏ-бархӏ соьмах дӏа а доьхкина, тӏаьххьара дисинарг белша тӏе а кхоьллина, иза оьцуш стаг валаре хьоьжуш, гӏийлла бӏаьрг бетташ, вертанаш духкучеран могӏарехь хӏоьттина лаьттара.
Селхана делкъал тӏаьхьа Гати-Юьртара охьа, гӏаш ткъа чаккхарма некъ беш, Гезлойн станце а веана, цигахь хьешашкахь буьйса а йаьккхина, сатоссуш цига кхаьчначу цӏерпоштахь малх лакхабаьлча, кхуза кхаьчнера Янаркъа. Ша цӏера араваьлчахьана цхьана хӏуманах вогуш веара иза гӏала. Иза шайн кех ара ма-веллинехь, цунна тӏенисйелира йаьссачу кӏудалца хи тӏе йоьду Сету. Хих йуьзна шийтта кӏудал цуьнгахь хилча а, иза ша тоьур йара стеган некъ эгӏо. Кхин тӏе а, Янаркъин дог дохийнера сийсара цунна гинчу гӏено. Дуккха а адамаш, цара буьйцу хӏара ца кхета мотт, маьхьарий, дов, цӏий. Гӏенах цӏий гар-м дика ду олура, хӏетте а Янаркъа резавацара оцу гӏанна.