– Лаа йеанерий иза?
– Хьо ган йеана ша, бохура. Са а гатделла.
Йуьртан гӏуллакхашна тӏера дӏайевлира ӏелин ойланаш. Иза цӏа веана ши шо гергга хан йу. Тохара цо, тешаш а кхайкхина, Ахьмадца къамел динчул тӏаьхьа дӏатийра йуьртахь царах лаьцна лела эладитанаш. Айза баттахь, шина баттахь цкъа йогӏура шен кӏант волчу. Дукхахьолахь кӏентан бераш ган, царах цхьаъ цомгаш хилча. Ахьмад а вогӏура, ӏела волчохь нийсарой цхьаьнакхетча. Ӏусман а, Дауд а шина а кертахь а, арахь а болх хилча, вовшашна гӏо деш цхьаьна хуьлура. Ткъа йалхитта шо долу Айзин йоӏ Седа хӏора дийнахь бохург санна йогӏура кхуза. Ма-йоггӏу ӏела волчу цӏа чу а йогӏий, цунна мара а оьккхий, цӏа чохь цӏано йан хӏуттура. Ӏелин мотт-гӏайба цӏена латтадора, бедарш йуьттура, цӏенкъа нуй-гӏум хьокхура, цунна бовхачу кхачин гӏайгӏа бора.
Ӏелина там бан гӏертара уьш массо а. Амма цуьнан дог даьллера хӏокху дуьненах. Шен хенарчу нахаца пхьоьханахь, мовладехь, сагӏа доккхучохь охьахиъча а, наггахь вист а хуьлуш, тийна-таьӏна ӏара иза. Йуьртан гӏуллакхашна йукъа а ца гӏертара. Ӏелин сагатдийриг цуьнан хӏусамнана цахилар а дацара. Хӏусамнаной а белла, атталла дола дан доьзалхой а боцуш бисина дуккха къена нах бара. Ткъа ӏелин кӏант а, нус а, церан бераш а ду. Уьш массо а, кхин тӏех хуьлийла доцуш, дика а бара цунна. Ӏелина там лоьхуш, мосазза а цунна зуда йалор а хьахийнера цара. Амма иза реза ца хуьлура. Йалийнчу зудчуьнгара хӏун там хир бара цунна? Бедарш йуьттур йара, кхача а кечбийр бара, хӏусам цӏена а латтор йара. Оцу агӏор несо а, кӏентан бераша а, Седас а цхьа тайпа эша хӏума ца дуьтура цунна. Зуда йалийча, цаьршинна йукъахь безам-марзо хир йу бохург дӏадаьллера. Хӏокху хӏусамехь цхьаьна-м ӏийр дара. Хийра ши адам санна. Болчунна тӏе а и бала ца оьшура ӏелина. Цо дуьненахь йаккха йисина хан дукха хир йац. Тахана ву а, кхана хир ву а, ца хаьа. Шовзткъа шарахь а ӏийна иза хӏусамнана йоцуш, мел йисинехь а, йисинчу хенахь а ӏийр ву.
Хӏун дара а, хаац, цхьа хан йаьлча, цкъацкъа де-буьйса схьалоций, сингаттамо бӏарзвора иза. Цо мел чӏогӏа дуьхьало йарах, шайтӏано даг чу туьйсура ша дийна а волуш Айза маре йахар. Ша мел собаре велахь а, иза кхин цкъа а хьехо ца оьшуш