чекхдаьллехь а, наггахь иза ӏеткъара ӏелина.
Сибрехь волуш ӏелас нийат динера, нагахь санна ша мацца а цкъа дийна даймахка верзахь, шен таро а, могашалла а хилахь, Хонкара а вахана, цигахь дозанехь вийна дӏавоьллинчу вешин Аьрзун а, цуьнан доттагӏчун Чорин а кошан барза тӏе хӏотта. Иштта чӏогӏа шен сагатделча, цхьана ханна кхузара дӏа а ваьлла, цига а, Гуьржех, шен доттагӏ Николаз волчу а ваха дагадогӏура цунна. Амма цига воьдуш ахча дезара. Ткъа ӏелин иза дацара, хир ду ала, меттиг а бацара.
Ӏелин сингаттам дӏаойуш, хӏокху дуьненах бозабелла бисина цуьнан деган буткъа цхьа хьаса ца ходуьйтуш, ӏаьржачу бодашкахь серло луш къега чиркх санна, цунна серло луш йеккъа цхьа Седа йара. Ӏелин шен йоӏ ца хиллера. Хилча а, шен йоӏ а хир йацара цунна Седа санна дика. Ткъа шен йоӏ хилча, иза Седел тӏех дукхаезар йацара ӏелина. Ӏаламат оьзда, хаза гӏиллакхаш ду Седин. Оцу дерригенал а совнаха, кхин а дара ӏелин дог-ойла цу йоӏах йоьзна. Ша ма-йарра жимачохьлера Айза йара Седа. Хӏетахьлерчу Айзичух тера йуьхь-сибат, ӏаьржа, йуькъа, йеха месаш, бӏаьргаш тӏехула тӏамарш йаржийна ӏаьржа цӏоцкъамаш, хьекъале, къинхетаме ӏаьржа бӏаьргаш, дуткъа, куьце дегӏ. Ткъа аз мел тера ду! Эсала, дог хьостуш, маслаӏате. Цкъацкъа, вицлой, шен а, Айзин а йоӏ хетара цунна Седа. Сих-сиха Седин хиндолчу дахаран ойла а йора ӏелас. Цхьана осалчу стаге маре а йахана, иза дакъазайаларна а кхоьрура. Иза ша реза волчу стаге маре а йахана, цӏа-цӏе а, керт-ков а долуш, доьзал а болуш, йаха хиъна де галлалц ша вахаре са а туьйсура. Дависарг, Овхьад велахьара цхьа пхийтта-ткъа шо къона. Цуьнца йа иза санначу къонахчуьнца ирсе хир йара Седа.
Массо а де долалора ӏелин, Седа схьайаре ладоьгӏуш. Седин когийн тата а девзара, цо керта-арахь дуккха а адамашна йукъахь мел меллаша къамел деш хилча а, цуьнан аз а девзара. Седе хьоьжуш, цунна карлайолура генна дӏайахана, гӏан а, туьйра а хилла йисина шен а, Айзин а къона хан. Шен безам хоуьйтуш, шовданан коьртехь ша Айзига дуьххьара къамел дар а. Хӏора дийнахь суьйранна Айза, кӏудал пхьаьрсах а тесна, шайн кертара арайаьлча, шовданан коьрте кхаччалц а, иза хи эцна дӏайоьдуш а, ша цунна улло а хӏоьттина,