меллашчу боларахь, лохха къамел деш, шаьшшиммо йаьккхина хан а. Тӏаккха шаьшшиъ цхьаьнакхетта хьалхара хала шераш а. Тӏаккха Айзин дегӏаца ӏумар а волуш, шаьшшиъ Оьрза-Гӏала дахча, цигахь гӏалгӏазкхаша шайн ворданна го бича, Айзин кхерайалар а. Тӏаккха ша Хонкара ваха новкъа валале а, лаьцна Сибрех вахийтале а шаьшшиммо цхьаьна йаьккхина ши буьйса а…
Ша цӏахь воцуш схьа а йеана, Седа дӏайахана аьлча, чам байра ӏелина. Тахана кхин йогӏур ма йац иза. Хӏара делкъал тӏаьхье а, тховсалера буьйса а шарал йахлур йу ӏелина.
Иза шен ойланех йукъахваьккхира керта деанчу когийн татано. Иза ӏусман вацара. Цуьнан когийн тата а девзара ӏелина. Иза хӏокху керта цкъа а ца веанчу стеган когийн тата дара. Ӏеле цкъа-шозза мохь тоьхна, йиллина лаьттачу неӏаре схьахӏоьттира йуьртан туркх. Чувехча, цӏа чу а ца велира.
– ӏела, пурстопа канцалле кхойкху хьо, – элира цо, и шиъ хьал-де хаьттина ваьлча.
Хӏунда кхойкху бохуш, туркхе хеттар эрна дуйла хуу ӏела, шена тӏе цӏена духар а дуьйхина, йукъах детица кхелина доьхка а, шаьлта а дихкина, аравелира.
Йуьртан канцелярин кертахь гоьзанех дӏатесна иттех говр а, белшех кхозуш тоьпаш а йолуш, хӏиттина лаьтташ а, хевшина ӏаш а масех салти а вара. Цхьаммо а ца сацош, канцеляри чуваьллачу ӏелина, цицигачух тера мекхаш а дусийна, мукадехкачух тера ши бӏаьрг а цӏийбина, цхьана хӏуманна-м оьгӏазвахана Саьӏадана тӏекъекъаш, Хамов карийра. Ӏела неӏарх чуваьлча, хазахийтира Саьӏадана.
– Хӏара ву-кх ахь схьакхайкхийтина Абубакаров ӏела! – йуьхь йекхайелира цуьнан.
Ӏелас оьрсийн маттахь маршалла хаьттира пурстопе. Амма вукхо иза дӏа ца ийцира.
– Хьо ву и бунтовщик? Каторжник? Социал-демократ? – цавашаре вела а къежаш, ӏеле хьежа хӏоьттира Хамов. – Делора ву, церан ваша хила ма-веззара! Нохчо – социал-демократ! Ревво-люцци-оннер! Хӏара-м ӏаламат беламе дай! – ӏелин гай тӏе шедакхаж ӏоьттина, гӏадвахана велавелира иза.
Ӏелас хала сатуьйхира.
– Муьлхачарех ву хьо? Большевик ву, меньшевик ву?
– Цхьаннах а вац, – паргӏат жоп делира ӏелас. – Цаьрца хила къена ву со. Амма большевикийн гӏуллакх ас даггара къобалдо. Цхьа ткъех шо къона велахьара, шеко йоцуш цаьрца хир вара.