Оцу заманахь бусалба динан ӏилма кӏорггера хууш ӏеламстаг бӏе шарахь цхьа-шиъ бен ца волура нохчашлахь. Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа хаддаза Нохчийчохь хуьлучу тӏемаша нохчийн аьттонаш а, таронаш а ца хуьлуьйтура дешарна, ӏилманна тӏеберза. Пхийтта шаре бовллалц хьуьжаршкахь доьшура божабераша, йа вуьшта аьлча, цигахь царна ӏаьрбийн маттахь йаздан а, деша а ӏамадора, амма ӏаьрбийн мотт ӏамо хан ца тоьура. Пхийтта шо кхаьчна кхиазхо, герз кара а оьций, тӏаме воьдура. Царах цхьаберш тӏамехь бойура, дийна бисинчарна а шаьш хьалха хьуьжарехь ӏамийнарг дицлора. Цхьана-шина шарахь чекх ма ца болура тӏом, иза иттаннаш шерашкахь бахлора.
Тӏе, хьуьжаршкахь йуьхьанцара дешар ӏамийча, лакхара дешар-м хьехочохь а дацара, атталла йуккъера дешар берашна ӏамо а хьехархой бацара Нохчийчохь. Дуккха а йарташкахь берашна йуьхьанцара дешар ӏамо а хьехархой ца тоьура. Цундела шен имамаллин шерашкахь нохчийн берашна йуьхьанцара йоза-дешар ӏамо Дегӏастанара молланаш балабора Шемала. Уьш кхуза балоран, нохчийн берашна йоза-дешар ӏаморал совнаха, кхин коьрта цхьа ӏалашо а йара имаман. Нохчийн бераш доза доцуш шена муьтӏахь а, шен а, шен гӏуллакхан а дуьхьа тӏаме даха а, гӏазотехь ӏожалла тӏеэца а кечбайтар.
Дегӏастанара балочу молланаша нохчийн берашна ӏаьрбийн йоза-дешар а, мотт а ӏамор ледара хуьлура. Молланашна нохчийн мотт а, ткъа берашна дегӏастанхойн мотт а цахааро халонаш хӏиттайора царна йуккъе. Шолгӏа-делахь, мелла а кӏоргера бусалба динан ӏилма хууш а, таро а йолчу дегӏастанхойх цхьа а молла ца вогӏура хаддаза тӏом лаьттачу карзахечу Нохчийчу. Кхуза йуьхьанцарчу хьуьжаршка хьеха богӏу молланаш а ца хуьлура атталла йуккъера дешар а кӏорггера хууш. Дегӏастанахь ӏеламстеган хаарийн мах хадош, ледарчунна олу, бохура, хӏара нохчашна молла ваха мегар ву олий. Уьш дукхахберш шайн махкарчу къелло балабора Нохчийчу. Кхузахь шайна хуу ӏилма нохчийн берашна ӏамийча, церан дай-наноша лучу йалтех шаьш а, шайн доьзалш а халла хене баха гӏертара уьш.
Йуьхьанцарчу хьуьжаршкахь дешначу божаберех цхьа наггахь верг кхидӏа а деша Дегӏастана – Ботӏлихе, Согӏратӏла, Тӏилитӏле – воьдура.